Опубликовано: Автор: & Категория: Дийцарш.

«..Дагабийла ма хIиттира и юьртан тхьамданаш: «Мусоста ма йийхира тIехь йоцу ва ясакх, Мила хир ву теша Мусостан олалла Дожийна ва дерзо яхь йолуш ва кIант?» Шайна дага ма веара и Адин ва Сурхо: «Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон, Герз дика ва деца цу Адин ва Сурхон, Дог майра ва деца цу Адин ва Сурхон, И Сурхо воьхур вай Сурхо винчу цу нене..»

Источник: Нохчийн фольклор (Хамид Магомадов)
Исполнитель: Зулай Багалова

Текстовая версия:[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Къонаха мел вериг кхайкхина валийна, Къонаха мел воцург кхайкхаза веана, Цхьа юрт йиллира, тов, цу эла Мусоста. Юрт йиллина ва ваьлча и эла ва Мусост, Кхойкхуш тIебалийра, тов, цу юьртан тхьамданаш, Гулбелла тIебахара цу юьртан тхьамданаш. — Ассалам Iалайкум, хIай эла ва Мусост! Хьо кхойкху аьлла ма-даьхки Тхо юьртан тхьамданаш. Хьо лаа кхойкхурий, хьо тара кхойкхурий? — Ас лаа ма кхойкху, ас тара ма кхойкху, Ас йоьху ва шуьга тIехь йоцу ва ясакх. — Дакъаза ма вала, хIай эла ва Мусост, Да эла хилла хьан, нана сту хилла хьан, Хьо эла веца хьо, тхо Iаьржа нах деца, Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн, Эхь деца ва хьуна хьо санна Ва болчу элашна ва юккъехь, Ма ехахьа ахь тхоьга тIехь йоцу ва ясакх. — Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла, Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла, Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва ясакх! — И аьлла ва ваьлча и эла ва Мусост, ГIийла юха ма бирзира и юьртан тхьамданаш.

Хьаьвзина ма бахара и юьртан тхьамданаш Рузбанна диначу рузбанан маьждиге. Дагабийла ма хIиттира и юьртан тхьамданаш: «Мусоста ма йийхира тIехь йоцу ва ясакх, Мила хир ву теша Мусостан олалла Дожийна ва дерзо яхь йолуш ва кIанат?» Шайна дага ма веара и Адин ва Сурхо: «Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон, Герз дика ва деца цу Адин ва Сурхон, Дог майра ва деца цу Адин ва Сурхон, И Сурхо воьхур вай Сурхо винчу цу нене», — Олуш, бахана кхечира уьш цу Сурхон ва уьйтIа, Коьртара ва куйнаш шаьш кара ва эцна, Гор-бертал ма ийгира и юьртан тхьамданаш, Ша араелир, тов, Сурхо вина ва нана, — Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш! Шу лаа леларий, шу тара леларий? — Тхо лаа ма лела, тхо тара ма лела, Хьоьга веха ма даьхкина хьан жима и Сурхо, Вехча ло ахь тхуна хьайн жима и Сурхо, — Олуш, лен бевли, тов, и юьртан тхьамданаш — Доллачу дуьнен тIехь сирла бIаьрг ва тоьхна, Сема ла ва доьгIча, Сурхол сов амал дац, ХIай юьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин, Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо, Вехча вала вина ву сан жима и Сурхо, — Олуш, чуяхар, тов, Сурхо вина и нана, Набарна ва вижна шен жима и Сурхо, Яйн муьшка ва йина, ша самаваьккхина, ТIаккха лен ма елира кIант вина и нана: — Со яла хьан делаI, сан жима ва Сурхо, Хьо вижий ма Iилла, сан жима ва Сурхо, Вижина Iуьллу Iуьйре яц ва хьуна еанарг, — ХIун хилла, хIун дина, со вижна ца Iилла? Дийцахьа ахь суна, со вина сан нана, — Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша, Ас вехча велира хьо цу юьртан тхьамданашна, ДегIаха мерза са цара хьайга ва дехахь, Ахь дакьхий дIалолахь дегIаха мерза са, — Олуш лен ва яьлча ша вина шен нана, Ша ара ма велира и Адин ва Сурхо, — Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш! Шу даккхий дара-кха, со жима вара-кха, Эхь-бехк хета ва суна, шу хьалагIовттийша, ДегIаха мерза са аш соьга ва дехахь, Ас шуна дIадели дегIаха мерза са, Дог реза ва дина, хIай юьртан тхьамданаш, — Олуш, хьалагIовттийна и юьртан тхьамданаш, — Балхабел аш соьга коьртера баланаш, Мажаран тоьпаца ас каде ойур бу, Елхаел аш соьга кийрара гIайгIанаш, Дуткъачу туьраца ас каде ойур ю, — Олуш, лен ма велира и Адин ва Сурхо, — Бала беца, ва Сурхо, и эла ва Мусост, ГIайгIа еца, ва Сурхо, Мусостан и ясакх; Мусостан олалла дожийна дерзадар Хьоь деха ма даьхкина, Кхоьллинчу цхьанделхьа, ва Адин ва Сурхо, Дожадай дерзадехьа Мусостан олалла! — Ма довла дакъаза, хIай юьртан тхьамданаш, Вежарий дукха бу цу эла Мусостан, Ша ваьхьар вуй техьа Мусостан олалла дожийна дерзада? — Мусостан ва санна вежарий тхо ду хьуна, Мусостал лика кIант хьо хета ва тхуна, Дехар ду хьоьга, дожадай дерзадехьа Мусостан олалла! Олуш, лен ма бевлира и юьртан тхьамданаш.

Цу кIайчу гIовталца, Iаьржачу вертанца, Чо чехка чола куй бIаьштиг тIе теIабеш, Ва гIожан меттана терсмаймал тур луьйзуш, Ша хьалха ва ваьлла, уьш тIехьахIиттийна, Хьаьвзина ма хIоьттира и Адин ва Сурхо Мусостан ва уьйтIа, Кхойкхуш ара ма ваьккхира и эла ва Мусост, — Ассалам Iалайкум, ва эла ва Мусост! — Iалайкум ва салам, ва Адин ва Сурхо! Хьо лаа лелий-те, хьо тара лелий-те, ХIорш тIехьахIиттийна, хьо хьалха ва ваьлла? — Со лаа ма лела, со тара ма лела, Ахь йоьху бохий-ца кхаьрга тIехь йоцу ва ясакх, Дакъаза ма вала, хIай эла ва Мусост, Да эла хиллий-ца хьан, баба сту халлий-ца хьан, Хьуо эла веца хьо, ва эла ва Мусост, ХIорш Iаьржа нах беца, хьо эла веца хьо, Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн, Ахь кхаьрга ма еха тIехь йоцу ва ясакх, Ма еха ва аьлла дехаре веъна со, — Хьо елла яла хьо, хIай Адин ва кIиллу! И ала еара хьо, хIорш тIехьахIиттийна, Хьо сиха ерзалахь, ва Адин ва кIиллу! Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла, Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла, Аш сиха гулъелаш тIехь йоцу ва ясакх, Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва ясакх! — Олуш лен ва ваьлча и эла ва Мусост, ТIаккха лен велира и Адин ва Сурхо: — Хьо елла йолийла, хIай эла ва Мусост! Дада лай хиллий-ца хьан, баба вир хиллий-ца хьан, Хьуо а лай веца хьо, хIай эла ва Мусост? Ахь хир ду аьллариг ца хилла ма даьлла, Ахь хир дац аьллариг ва хилла ма даьлла, Ахь кIиллу ву боху со Адин ва Сурхо Хьан вархIе а ва дена цу Москох Паччахьа совгIатна ва елла, Цу бацах таелла, зезаго хазйина, Хьан дола йирзина и охьара ва раьгIнаш, Хьалха ор ва доккхуш, тIехь муш ва бустуш, Караекъа гIур ву со кханлерчу ва дийнахь, Хьо цига ва воьллахь, ва эла ва Мусост, Цигахь хуур ду вайна, кIиллу верг мила ву, — — Кхетачу малхаца, хуьлучу ва сица Эвла йисте гуллолаш, ва юьртан тхьамданаш, Екъна караоьцур вай Мусостан и раьгIнаш, Мусостана дийр ду вай жерочун ва дакъа, Делах бехк ва хетта, ва юьртан тхьамданаш, — Олуш цIехьа вахара и Адин ва Сурхо, Хьешашна диначу цу дуьхьал ото чохь, ДегIана ховха мотт ша куьйга биллина, Набарна ма таьIира и Адин ва Сурхо.

Деана ма хилира и делан хаза са, Нур дашо можа малх кхетале ва хьалха, Малхал хьалха схьакхета и маьлхан зIаьнараш Хазлучу заман чохь, Дуьгу нускал ва санна, расха дин кечбина, Хаза йоI ва санна, ша каде кечвелла, Дин хьаьвзаш ва хилла, ша каде тIехиъна, Ша ваха кечвелира и Адин ва Сурхо, ЦIийзаш, юххе девлира и дуткъа ва эраш, Декаш тIехьаьвзира, тов, чо шера куьйранаш, Борз санна йора дин ша хала сецабеш, Барзал майра дилхан дог ша кийрахь ва сецош, Чал дера ва герзаш шен юкъах ва къуьйлуш, Чо шера куьйранаш тIоьхула ва хьийзаш, И дуткъа ва эраш ва улло ва цIийзаш, Вахана ма кхечира и Адин ва Сурхо Цу юьрта ва йисте, йиллинчу ва метте, Ша хьалха ва ваьлла, уьш тIехьахIиттийна, Ша воьдуш кхечира и Мусостан раьгIнашка, Хьалха ор ва доккхуш, тIаьхьа муш ва бустуш, Ша екъа йолийра цо Мусостан и раьгIнаш, И делан делкъахан хилале ва хьалха, Екъна кара ма елира цу Адин ва Сурхос Мусостан и раьгIнаш цу юьртан тхьамданашна, — Шу цIехьа гIо шайна, ва юьртан тхьамданаш, Мерза са гатделла, самукъа ва даккха, РагI талла воллу со, хIай юьртан тхьамданаш, — Олуш, цIехьа хьовсийна и юьртан тхьамданаш, РагI талла ма вуьйлира и Адин ва Сурхо, Лаьттахула еддариг эраша ва лоцуш, Стиглахула ва еддарг тоьпаца ва лоцуш, Тоьпера ва яьлларг куьйранаша ва лоцуш, РагI талла кIордолцца рагI толлуш ва лелла, РагI талла кIордийча, и Адин ва Сурхо, Лекхачу динара ша лаха воьссина, Схьаэцна юткъа нуьйр гIевланга товжийна, Даржийна ва верта шена тIе ва тесна, Чал дера ва герзаш шен мара ва къуьйлуш, Набарна ма вижира Мусостан цу регIахь.

Мерзачу набарах воьллачул ва тIаьхьа, Дахал воцуш ва дуьйна дилхан дог ва даьхна, Тийсал воцуш ва дуьйна мерза са тийсина, ХIокху Сурхос къастийна и бабин хаза йоI Мусостан ва вашас Мусостана йиги бохуш, ГIенах дуьхьалтеси, тов, цу Адин Сурхона, Цу гIенан халалла мела хьацар ва хилла, Набарах велира и Адин Сурхо. — Да велла йиса шу, Мусостан ва раьгIнаш, Набарна товш яц-кха Мусостан шу раьгIнаш, — Олуш, ха хаьрцина, ша юха ма вижира и Адин ва Сурхо. ШолгIа а вуьйлира и Адин Сурхо мерзачу набарах, Дахал воцуш ва дуьйна дилхан дог ва даьхна, Тийсал воцуш ва дуьйна мерза са тийсина, Цу Сурхос къастийна и бабин хаза йоI Мусостан ва вашас Мусостана ва йигна, Мусостан ва нана ловзарга ва хьийзаш, Ша вина ва нана ва йоьлхуш ва хьийзаш, ГIан-набарш яйра,тов, цу Адин Сурхона, Син метта топ кхетта цIен экха ва санна, ТIехьа ши куьг ва тоьхна, ша хьалаиккхина, Динан букъ ва лоцуш юткъа нуьйр тиллина, Дин хьаьвзаш ва хилла, ша таьIаш тIехиъна, — Iаламат яраббий, хIай веза тхан дела, ГIенаха дайнариг бакъ хуьлуш дуй техьа? — Олуш, юткъачу шедаца расха дин чехабеш, Ша цIехьа вирзира и Адин ва Сурхо. Шен динан дикалла, шен деган майралла, Вахана хIоьттир, тов, и Адин ва Сурхо Вехачу ва керта, йоьлхуш араелира Сурхо вина ва нана, — Дакъаза ма яла, со вина ва баба, Яра хIун ду техьа дакъа доцуш ва белхар? Ахьа суна дийцахьа ва вайна хиллариг. — Со яла хьан делаI, сан жима ва Сурхо, Хила хIума ца дисна кху маьлхан дуьнен чохь: Сан дагна ва езна и бабин хаза йоI Мусостан ва вашас Мусостна ма йигна, Мусостан ва нана ловзарга ма хьийза, Хьо вина ва нана ва йоьлхуш ма хьийза. ХIара маьлхан дуьне даа ма вехийла хьо, Со елхийнчун нана елхоза Iен велахь, Сан жима ва Сурхо! — Олуш, лен ва яьлча ша вина ва баба, И вухавирзира вехачу уьйтIара, Хьаьвзина хIоьттира Мусостан ва уьйтIа, Лекхачу динара ша лаха воьссина, УьйтIарчу гоьзанах, дин лекха дIатесна, Болатан туьра тIе деза ка теIадеш, Хьаьвзина вахара и Мусостан хIусаме. Барч буьзна бара, тов, и элийн ва стунаш, Дух дуьзна бара, тов, и кегий ва элий, Кад буттуш вара, тов, Мусостан ва ваша, Дууш-молуш бара, тов, и кегий ва элий, Морхашкахь ва лечкъа дашо малх ва санна, Мусостан ва баьрчехь базаран кирхьанах Ша лечкъаш яра, тов, и бабин хаза йоI, — Ассалам Iалайкум, хIай кегий ва элий — Олуш, чувелира, тов, и Адин ва Сурхо, — Iалайкум ва салам, ва Адин ва Сурхо! — Олуш, хьалагIевттира и кегий ва элий — Хьо охьахаахьа ког лекхчу ва гIанта, Даа ду ва хьуна бордаха ва дилха, Мийла ду ва хьуна и сирла ва къаьркъа, Сакъера бу хьуна и элийн ва стунаш, — Олуш, лен ва бевлча и кегий ва элий, ТIаккха лен ма велира и Адин ва Сурхо: — Шун дилха ва даа чо екха вац со-ма, Шун кьаьркъа ва мийла ва хьогах вац со-ма, Стунашца сакъера кIиллу стаг вац со-ма, — Олуш, лен ва ваьлча и Адин ва Сурхо, Дезачу маларан кад ша бузуш боьттина, Дехар деш, тIевеара цхьа воккха ва эла: — ДIалаций мала ахь, ва Адин ва Сурхо, Дезачу маларан кад, дехаре бу хьуна. — Ахь доьху ва дехар суна-ма ца хаьа, Цхьа дехар ду сан-ма дала таро ва йоцуш, Дийцал ахь ва суна айхьа доьху ва дехар. — Ас хьоьга ма-доьху, ва Адин ва Сурхо, Мусост дукха ва везаш, Мусосте еана и бабин жима йоI, Алар-дийцар ва доцуш йитина ва верзар. — И дара ва хьуна ас хьоьга ва баьхнарг, Ахь доьху ва дехар дала таро йолуш дац, Ас хаттар дийр ду-кха цу бабин ва йоIе, Мусост дукха ва везаш еана цо бахахь, Пусар доцуш шуна ю и бабин хаза йоI, Мусост дукха ца везаш, ялийна ша цо бахахь, ВаллахI, дера, воьрзур со сайн кIайчу нускалца, — Бохуш лен ваьлча и Адин ва Сурхо, ТIаккха хьалаиккхира, тов, Мусостан ва ваша. — ХIай, елла яла хьо, ва Адин ва кIиллу! Эрмалойн ва баьрчехь турмала ва санна, Товш хета ва суна и бабин хаза йоI Мусостан ва баьрчехь, базаран кирхьанахь. — Суна цул товш хета, Мусостан ва ваша, Хьан дуткъачу дегIана юьхьиг тIеерзийча осмалойн тапчанан, — Олуш, каде яьккхина, кховдийна туьйхира, тов Цу Адин ва Сурхос Мусостан вешина ДегIана аттачу, садала сихачу. И тоьхна вожийна, лен вели бахара И Адин ва Сурхо цу бабин ва йоIе: — Дакъаза ма яла хьо, бабин хаза йоI, Мусост дукхавезаш, хьо цуьнга еанехь, Ца йига веъна со, бакъдерг ахь дийцалахь, Мусост дукха ца везаш, хьо нуьцкъала ялийнехь, Хьо йига веъна со, ва бабин жима йоI, — Олуш, лен ва ваьлча и Адин ва Сурхо, — Вешан цIахь дуьйцур вай, Кху нахехь ма дийца, ва Адин ва Сурхо, — Олуш, букъ тIе ши куьг ва тоьхна, Сурхо хьалхаваьккхина, ша тIаьхьахIоьттина, ТIаьхьа ара ма елира и бабин хаза йоI, Шаьш хьаьрчаш делира, тов, расхачу ва дина, Сакъера хевшина и элийн ва стунаш, Даа-мала гулбелла и кегий ва элий тезета гулбина, Ша цIехьа вирзира и Адин ва Сурхо цу бабин йоIаца.

Шийла орца ма даьхьира цу эла Мусосте: «Веза ваша ва вийна, олалла дожийна, Нускал эцна ма воьду и Адин ва Сурхо», — Олуш орца ва кхаьчча цу эла Мусосте, Цу яйдакх ва говрахь, ерзанчу тоьпаца, Цхьалхачу туьраца Ша орцах ма кхиира и эла ва Мусост цу Адин ва Сурхох. И эла ва Мусост шена орцах ва кхиъча, Лекхачу динара ша лаха ма воьссира и Адин ва Сурхо, Ша тIаккха ма воьссира и эла ва Мусост лекхачу динара, ТIаккха лен велира, тов, и эла ва Мусост: — Топ кхосса ва суна, ва Адин ва Сурхо! — Со-м дера ваьхьар вац хьуна топ ва кхосса, Со кIиллу веца со Адин ва Сурхо, Ахь кхоссал ва суна, ва элан ва Мусост, Веза ваша ва вийна, олалла дожийна, Нускал эцна воьдуриг со Сурхо веца, — Олуш, кхайкха ва ваьлча и Адин ва Сурхо, Ша мажар ма кхоьссира цу эла Мусоста. Цу хIурдан ва мохо куьйса эрз ва санна, Ластийна ма витира и Адин ва Сурхо Мусостан мажаро, ДIаман баттахь ва йоллу бакъ гIирмин ва мажар Ша каде яьккхина, кховдийна туьйхира, тов, Цу Адин ва Сурхос цу эла Мусостна ДегIана аттачу, садала сихачу, Ша тоьхна вожийра цу Адин ва Сурхос и элан ва Мусост. Дукъ лакха ва ваьлча, динаца ва ловзуш, Дукъа лаха ва ваьлча, нускалца ва ловзуш, Веана хIоьттира, тов, и Адин ва Сурхо вехачу ва уьйтIа. ТIаккха араелира, тов, Сурхо вина ва нана, — Хьайн елхийнчун ва нана елхийна хьо вагIахь, Хьо марша вогIийла, сан жима ва Сурхо! Хьайн елхийнчун ва нана елхоза хьо вагIахь, Хьо марша ма вогIийла, сан жима ва Сурхо! — Олуш лен елира, тов, Сурхо вина ва нана. ТIаккха лен ма велира и Адин ва Сурхо: — Берахь дуьйна ас лаьцна дуьненан ва гIиллакх Дохоза ца Iийн хьо таханлерчу ва дийнахь: ХIара бабин хаза йоI несалха ялий ас, — Олуш, лекхачу динара ша лаха йоссийра и бабин хаза йоI, Дой хьийзол ва йолу и йоккха ва уьйтIе ТIам хьовззол ца хуьлуш, Ша халха ма хьаьвзира Сурхо вина ва нана: — Хьо санна воцу кIант ва нанас ма волда, Сан жима ва Сурхо, И вича ма ваха хIара латта ва хьеша! — Мерзачу безамца, хазачу ойланца И нийса ши накъост сов хаза даха ма хии.

Ма лалда вай кIентий вовшех безам байна, Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIанат, И вича, ма кхиа яра дуьне ва даа, Нанас дена ма волда тешам боцу ва кIанат, И вича, ма кхиа цу дийнахь делкъалца.[/toggle]
Короткометражный фильм об Ади Сурхо:[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»][/toggle]

7 комментариев в “Адин Сурхон Илли”

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *