Опубликовано: Автор: & Категория: Дийцарш.

«..Нана цIийнан маьIIехь лаьтта, ши бIаьрг а бу горгбина, генна новкъа дIа а хьоьжуш, зудаберийн аьзнашна тIаьхьа я цхьанхьа – анайисте.
Ненан куьйгаш демах дуьзна го, йовлакх а ду тIехьа дихкина, хьаьжтIехула, чухта санна. Со ишколера вогIу, белшах тIоьрмиг а оьллина. Суна нана геннара го, суо цунна а гале..»

Исполнитель: Зулай Багалова
Производство: Радио «Грозный»

[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]– Хизир, нана яла хьан, и йоI ма ца го суна… зудаберашца… иза… иза стенга яхана, Iарбин тIехьийза йоI,.. – схьа а ца хьожуш хотту, цхьаьнга луьйш санна а ша-шега.

Нана цIийнан маьIIехь лаьтта, ши бIаьрг а бу горгбина, генна новкъа дIа а хьоьжуш, зудаберийн аьзнашна тIаьхьа я цхьанхьа – анайисте.

Ненан куьйгаш демах дуьзна го, йовлакх а ду тIехьа дихкина, хьаьжтIехула, чухта санна.

Со ишколера вогIу, белшах тIоьрмиг а оьллина.

Суна нана геннара го, суо цунна а гале.

– Бод хьакхош Iачуьра… аьзнаш а хезна… иза яц-те аьлла, – нана дитташка хьалахьожу. – Заза дала гIерта-кх вайна… бIаьсте, – дIайоьрзу, дIайолало.

– Иза…– иза дIаяхна, нана, кху юьртара… деша яхна .. иза кхузахь яц, – олу ас. Сихха олу.

– Яц боху ахь… дIаяхна, – нанас корта схьаберзабо.

ТIаьхьахьожу зудаберашна, ишколера догIучу.

Дуккха а хьоьжу, ехха. Ши бIаьрг цхьанаметта соцу.

– ХIаъ, дIаяхна… яло, чу доьду вайша, – со нанна уллохула тIехволу, шек а воцуш санна.

Ас суо ца кхета кеп лелайо, сайна цхьа бен а доцуш санна, Кемса гича а, ца гича а.

 

Зудабераш дуьйлу, соьцу, дIадуьйлало.

Кучамаш тайп-тайпана, фартукаш, чIабанаш. КIайн-кIайн пазаташ.

Юха а соьцу дIогахь, боккхачу хьоча кIелахь. Заза лехьадо, охьаэгна хьечийн заза, настарийн голаш цхьана агIор а ерзош, охьа а таьIий.

Хьаьж тIера месаш тIехьа кхуьйсу, корта ласторца.

Цергаш го, кIайн яххьаш; дийлало тIаккха, бокъех терса, аьзнаш хиэда, атало аьзнаш, полларчий ловзуш санна, дуккха а цхьаьна полларчий.

– Нана яла хьан, хьан Даймохк ма генахь хилла хилла-кх… хьан Даймохк, – нанас боху. Хьаьнга?

Чу еъча боху, бод хьакхо охьахууш.

– Нана, хьо хьаьнга,.. – со вистхила вуллушехь соцу, кхидIа вист а ца хилалуш. Айса пенах дIалатийна бIаьстенан де го суна, Iарби цIера дIавахна де.

Со водий, араволу чуьра.

Со рагIу тIехьа волу.

БIаьсте, заза, урамера кIайн цIенош, кIайн дуьне, цхьа Iаьржа а… Ваша арме… кху дийнахь… баьшна корта, хурашка, белшах кхозу тIоьрмиг…

«Iаби, Iаби, соьга кехат… яздийр дуй ахь… суна сурт, хьайн сурт доуьйтур… Iаби, дуй ахь, тIехь хорма а йолуш, мидалшца, ахI?»

«Дера дуй, хIаъ, велха ма велха, хьо хIунда воьлху…»

«Со-м вац воьлхуш…»

 

«Иза хIинца кхузахула хIунда ца оьху, хIунда ца оьху кхузахула, кху новкъахула, шен новкъа», – деттало цIийца, ов деттарца, дегабаамца даг чу дуьжуш, лазамца сан легашкахь, ца хецалуш, IаьIаш, эккха гIертарца, эккхаш.

Иза хецало. Хецало, деса къурдашца сацадо.

Мархаш а яц стиглахь гуш, кху стиглара мархаш стенга… стигал цIена, оццул цIена, иштта цIена хIунда ю-кх стигал…

 

Буьйса. Беттаса. Кора хьалхахь Iожан га.

Тхойша цхьаьна чохь – сой, Iабий, ул-уллехь вижина Iуьллуш. Иза кора хьалхахь, кора хьалхарчу маьнги тIехь. Со – аьтту агIор, цуьнга леррина дIа а хьоьжуш.

Цо доьIу са, синош, кхана арме дIавоьдуш…

Корехь гун беттаса, Iабин метта тIехула, цIенкъа юккъе охьакхеташ; Iожан га а иштта сирла, заза дато долуш санна.

Вист а ца хуьлу, соьга вист а.

Цо дуьйцур ма ду соьга, со иштта жима воллушехь… цунна хаа ма хаьа, суна дерриг а хаьийла… Суна и шиъ ган ма гира, цкъа а ма гира, кхузза а… Иза хIинца кхана, сахилча, иза арме воьдуш ма ву…

– Хизир, наб-м ца кхетта хьуна… са ма гатделахь, дика дуй?

– АхI? Ца кхетта суна-м… дац… гатдийр дац аса-м, – со сихха метта хьалахуу, тIера юргIа дIа а кхуссуш.

Со цуьнгахьа дIахьожу, цо бохург тIекхетта, шинна а куьйга схьалаца санна, хIора а дош, хIора а…

Иза вист а ца хуьлу.

 

Суна цуьнан бIаьргаш го, беттасин серлонехь нийсса ирах хьежош болу. Ши куьг коьрта кIелахь ду, гIодаюккъец – юргIа.

«Кхин хIумма а хIунда… хIунда ца олу… иза хIунда ца… Кемса, уьссалгIачу классера Кемса…»

– Хизир…

– ХIа-а!

СоцунгIа.

Сан са лоцу. Со хьоьжу. Сан ши бIаьрг лацало. Къурд бо беса, цкъа а, шозза а, дукхазза а.

– Цигахула хьажалахь, дика дуй?

– ХIаъ, ду, дика ду! Со хьожур… Iаби, со хьожур ву хьуна,.. – соьга цIе ца яккхало, суна эхь хета цуьнан цIе яккха, соьга Кемса ца алало… цо Кемса ма юьйцу, ша цуьнан цIе а ца йоккхуш.

– Цунна хьо вевза хьуна… ас цуьнга хьо вийцина хьуна…

– Дика ду! Ас цуьнга цхьа а, Iаби, цхьа а вистхуьлуьйтур вац хьуна ас…

– ХIан-хIа, иштта ца оьшу, хIумма а ма дац вистхилча… вуьшта, наггахь хьажал хьо. Хьуна хазахетий иза, Хизир?

– АхI?

– Хьуна хазахетий иза?

– Суний,.. – со вист ца хилало, суна эхь хета иза ала. Иза ишколехь уггар а хаза ма ю. Иза массарна а еза ма еза, массо а берана, сан классерчарна а тIехь, пхоьалгIачу классехь бен доццушехь.

Цуьнан цхьа баьццара юбка ма ю, гIодаюккъехь доьхка а долуш. Иштта коч а ю, цу басахь, иштта доьхка а долуш. Иза гуттар а йоьлуш ма хуьлу, урокера арадевлча.

Юха елаелча, ши бIаьрг жим ма ло, хиш къегаш санна. ТIаккха кIаьгнаш ма хIуьтту беснеш тIе. Уьш тамашийна ма хуьлу, и кIаьгнаш, цхьа горга а долуш, ал гуо а къаьсташ. Цуьнан хIумнаш а ма хуьлу хаза, тайп-тайпана хIумнаш, ерриш а цхьа яйн а йолуш: кIайн, сийний, баьццарий…

Суна Iин чохь ма гира Iабий, изий, ишколера цIа вогIуш. И шиъ хина дехьий-сехьий лаьттара.

Хи юккъехула охьадогIура.

Хино кIайн заза кхоьхьура, акказийн кIайн заза.

Акказеш ма ю Iин чохь, хин бердашца лаьтташ.

Церан заза хи чу оьгу. Сийна бай а го дIахьаьжча.

Кемсас тIоьрмиг шина куьйга схьалаьцнера, ши ност къайлайоккхуш санна. Кемса дIасалестара, Iабига а хьоьжуш. Иза йоьлура, йист а ца хуьлуш.

Йовлакхан тIам тIоьрмиг чуьра гуш бара.

Кемса хи чу хьоьжура.

Хино заза кхоьхьура.

Хи чохь кегий чIерий дара; Кемсас, цхьа куьг мукъа а доккхий, хи чу пIелг а хьажабора.

Юха тIоьрмиг схьалоцура. Кемса сих-сиха Iабига хьожура. Iаби гуттар а хьоьжура цуьнга.

Со Iабина дIагира.

Кемсина а гира со.

Со ведда дIавахара.

– Хаза ца хета хьуна иза, ва Хизир? – Iаби схьавоьрзу. Суна иза воьлуш го, иштта цхьа шена воьлуш, со хьийзо гIерташ санна.

– Вист хIунда ца хуьлу хьо?

–ХIаъ…

– ХIун «хIаъ»?

– ХIаъ, хета…

Iаби юха а велало. Дуккха а воьлу.

– Дика дешалахь, – олу тIаккха, – хьо актер хила везаш ма ву, вуй?

–Ву…

– Нанина гIо делахь, дуьхьал а ца луьйш. Хи а далахь… Нанна хи дарах эхь дац хьуна, чохь горгам а хьакхалахь…

– Дика ду… ас дерриг а, Iаби, массо а хIума дийр ду хьуна… Ахь соьга кехат яздийр дуй…

– ХIаъ, яздийр ду.

– …ахь цуьнга а, Iаби, цуьнга а дуй ахь…

– Ду, цуьнга а яздийр ду… дIавижа хIинца, дIавижа хьайна, – иза юха а, тохара санна, куьйгаш коьрта кIел а дохкуш, тхевне хьоьжу, нийсса ирах.

Беттаса хIинца пена тIехь ду, цIенкъара хьала лакха а даьлла.

Беттаса кора юккъехь ду, тIехь Iаш хета кIант а гуш. Суна иза жима кIант хета, суо санна, жима а волуш, стигалхула иштта лелаш, седарчашца, мархашца, юха, цул тIаьхьа, сахилча, цхьанхьа вижа дIа а воьдуш, тIаккха кхано, буьйсанна, баттаца схьа сама а вуьйлуш.

 

Со нанас меттахъхьавира. ЦIенкъа юккъехь тIоьрмиг бара, хиъна Iаш Iаби а волуш. Со Iабина тIекхийтира.

– Вадал, юьхь-куьг а дилий, схьавоьл, цхьаьна хIума юу вайшимма…

Охашимма цхьаьна хIума йиира, дуьхь-дуьхьал охьа а хиъна.

Iаби суна велалора.

Нана йист а ца хуьлура.

Иза цхьанхьа дIахьоьжура, дIахьаьжжинчохь йиц а луш. Юха доккха садоккхура.

– Делий, Делан Элчий, устаз – кхоъ накьост ву-кх хьоьца, – элира нанас, тхо арадовлуш.

– Къобалвеш схьаийци, – Iабис со маравоьллира. Со вилхира.

Юха Iаби ахтобус тIе хууш а вилхира со.

Цигахь дуккха а нах бара, шайн бераш новкъа дохуш. Эвлаюккъехь дара иза, ишкол а гуш, туька а.

Суна Кемса гира.

Iабига хьаьжча гира суна иза, цуьнан хьажарца дIавирзича.

Иза кертал чоьхьа яра, ишколан кертал чоьхьа, дуккха а зудабераш а долуш.

 

Суна цул тIаьхьа сих-сиха гIенах гуора ахтобус, Iаби дIавоьдуш а воцуш, тхойша цхьаьна цигахь лаьтташ.

Ахтобус еса хуьлура, чохь шопар а ца гуш; тIехууш стаг а вацара я тIера охьаволуш а.

Iадда лаьттар-кх ахтобус, нахана гуш йоцуш санна.

ТIаккха Iаби тIехуура, соьга геннара схьа а хьожий.

Со вист а ца хилалора.

Ахтобус дIайоьдура, хьаьвзаш гуш чкъург а йоцуш, цхьа лаьтташ санна хеташ, цхьа айелла йоьдуш санна. Чохь шопар а ца хуьлура.

 

Суна Кемса гуора ишколехь.

Кемса суна елалора.

Суна урок сихха чекх а яьлла, Кемсига хьежа лаьара.

Со даим а цуьнга хьоьжура.

Зудабераш дийлалора тIаккха, Кемсига: «Хьажахьа?!» – со волчухьа пIелг а хьежош.

«Витал кIант!» – олура Кемсас.

Кемса суна елалора. Со водий, къайлаволура, урок юха чекхъяллалц.

Ас нене дIадуьйцура.

Нана йоьлура: «Стаг ву-кх хьо, стаг!» – олий, со мара а вуллуш.

 

Дуьххьара кехат цхьа бутт баьлча деара Iабигара, Узбекистанехь ду шаьш, аьлла.

– Ма йовха меттиг ю-кх иза, – элира нанас, – ма хала а хир ду-кх цунна.

ШолгIа деъна кехат тIехь адрес доцуш дара, цхьа дуккха а терахьаш бен; тIедиттина мухIарш-м дара, «полевая почта» аьлла, ши дош а долуш яздина.

Ас доьшучу кехат тIехь, «Афганистан» дош хезча, нана цIеххьана кхоссаелира, бIаьргех охьа хиш а хьолхуш.

Буйнара сурт а дуьйжира охьа, танки тIехь даьккхина долу.

Iабин коьртахь шляпа яра, кIадех йича санна а йолуш.

Цуьнца дуккха а салтий а бара.

Суна сурт хазахетара.

Со сурт а эцна, ведира, массаьрга а дIагайта – йоккха танк яра цу тIехь, буьххьехь Iаш Iаби а волуш. Куьпара бераш цецдуьйлура: «Схьагайтахьа, гайтахьа!» – бохуш.

Суна суо цхьа воккха хетара, Iаби санна, воккха.

Со чIогIа кура а вара, сайн вешех кура.

 

Аьхке чекх а яьлла, гурахь ишколе дIадахча, со ялхалгIачу классехь вара.

КIайн коч яра суна тIехь, Iаьржа хеча а йолуш.

Суна Кемса ца евзира.

Кемса чIогIа йоккха хиллера.

Кемса хаза яра, велххал хаза, цуьнга дIахьажа эхь хеттал.

Со цуьнан бIаьра ца хьажалора, цхьа догучу, къегачу, геннахь сирла лепачу сийна–Iаьржачу цIоцкъамашлахь, стиглан басахь долчу бIаьргашка.

Со вухура, иза гича.

Со цIийлора, латта вуьсура.

Суна цунах къахетара, Iаби а воцуш, ша йисинчу.

– Схьавоьл кхуза, схьавоьл, – Кемсас куьг схьакховдийра, куьйган пIелгаш а лестош, – хьох ма хаза кIант хилла!

Со меттах а ца велира.

ТIаккха иза ша тIееара.

Сан кучан кач нисбира, коьртара мас а тоеш.

Сан балдаш детталора, дог детталора сан балдашца, сан хьажар кхоьлинера, ши бIаьрг а кхулуш, дуьне а.

– Суьрташ… суьрташ дуй хьан?

– АхI?

– Хьажал! – букъ тIехьара аьтту куьг, цу куьйгахь – Iабин суьрташ.

Уьш кхоъ дара, сайчух дерг а, сан доцчех кхин шиъ долуш, тIехьа яздина:

«К…, хьуна. Iарби. I983 шо. Афганистан».

– Ду, – элира ас, сайн доццушехь элира.

Горгали бийкира.

– Вада хIинца, тIаьхьа ма висалахь урокана…

 

Ас цу буса Iабига кехат яздира, Кемса а юьйцуш, суьрташ а. Сайна а даийта элира ас, цуьнан санна долу ши сурт. «Кемса хаза ю, – яздира ас, – хьо цIа маца вогIур ву, цIа волахьа, Iаби, сихха, Кемса йоккха ма хилла…»

Со цуьнца воьдура цIа, иза яллалц собар а дой.

Тхан новкъахула лелара иза, тхан кертан уллохула. Зудабераш а хуьлура цуьнца, шайн классера зудабераш.

Ас тIоьрмиг схьабоьхура, сайга бахьийтахьа, олуш.

Сайниг цо дIаоьцура.

Зудабераш дийлалора: «Хизир, хьо воккха хилча, со юьгур юй ахь хьайна, ахI? Юй ахь?» – хIорамма а хетта а хоьттуш.

– Ма хьийзавел иза! – Кемса суна тIехIуттура, цхьа боккъал а долуш санна, цкъа а ела а ца луш.

Ас нене дIадуьйцура.

Нана хьожура корехула, тхойша цхьаьна хьожура цуьнга корехула, иза тIехйолуш.

– Эца-кх хьо Дала дIа аьлча! Ши ност ма хаза а ю, тпу-тпу, – нанас туй кхуссура, нана йоьлура, йиц а луш, йицъелча санна, саца а луш. БIаьргаш чу хиш хIуьттура, деладеллачу бIаьргаш чу: «Биъ бутт-м дIабаьллера… Сан кIант цIаваллац… йитахьара… наха юьтур ма яц атта… Хаза ма ю, бIаьргхиллал…»

– ДIаяздел, Хизир – иза хаза йоI ма хилла чIогIа, – дIаяздел хьайн вешига кехат… наха юьтур-м хьаха яц… ЦIа вола боху алал ас, и йоI дешна яьллачу буса цIахь хила боху алал цуьнга… Оьшшу кехат доуьйтур ду ала, со елла аьлла даьккхина а…

Охашимма кехат яздира тIаккха, нанас аьл-аьлларг дIа а яздеш, цхьа доккха, деха кехат, тетрадан йиъ агIо.

Яздина ваьлча, дийшира ас, сайгара а хIумнаш а дуьйцуш.

Нанас кхин а дийцира, керл-керла дош а карош.

 

Кемсина бIараш кхоьхьура ас, хьуьнбIараш.

ХьуьнбIараш мерза хуьлура.

Юха гурахь, гIа дужуш, цIабалгаш а девлира схьа. Тхан юьртан малхбалехьа, Хилдехьаройн-кIотар олучохь дара уьш, шаьш лардеш хехо а волуш.

Дитташ даккхий дара церан чIогIа, нийсса ирах, ткъа а, ткъе итт а метр лекха хир долуш. Лакха буьххьехь, цIабалгаш кхуьучохь бен, тIевала цхьа а га а дацара. Дитт шера дара, стомма а долуш, ког таса шад а, куьйга схьалаца хIума а доцуш.

Дитта тIе цхьа а ца валалора.

Оха, бераша, бухара хьала гIожмаш кхуьссура, цIабалгаш эго гIерташ.

БаI бужура, горга баI, юккъехь гуш доIахан басахь шера цIабалг а хаалуш. Уьш цхьанна чохь пхи-ялх дара.

Оха пазаташ кхоьхьура цига, зударийн тен пазаташ; пазат чохь ведар гергга цIабалгаш а гуллора.

Уьш кхехко а мегара, зайли чохь датта а.

Ас буьйсанна, сайца накъост а оьций – суо ваха ца ваьхьара, – КемсагIеран кертал чоьхьа кхуссура пазат.

Кемсас, кхехка а дой, ишколе кхоьхьура уьш Iуьйранна, ас деъна шена бохуш, массаьрга а дозалла а деш.

 

Хехо чIогIа сийдоцуш вара, гихь кхозуш топ а йолуш.

Цо тIаьхьа говр хохкура.

Тхо жа санна дIахьовдура, цхьа-цхьацца а волий.

Иза цхьанна тIаьхьа волура тIаккха.

Важа водура, хехо шена тIаьхьакхиа воьлча, пазат охьа а кхуссий.

Оха цунна юха дакъа дора, массеран а цIабалгаш цхьатерра хир долуш. Юьртара ара а довлале барт бора оха, вада муьлха водур ву хьалххехь къаста а вой.

Уггар а чехка Салахь водура.

Хехо тхуна тIаьхьа ваьлча, Салахь жимма соцура, иза шена тIаьхьа вадийта. ТIаккха цо иза хьуьна юккъе дIавуьгура, тхан юьртана аьтттехьа а йоцчу, ЧIишка агIор йолчу хьуьнха.

Делкъал тIаьхьа (ишколера девлча), малхбузучу хенахь кхочура тхо цига дIа.

ТаьIначу чохь дIалевчкъара, шишша-кхоккха цхьаьна а волий.

Хехо, цкъа хьалха говраца гуо а боккхий, моллалла кхайкха хIуттура: «АллахIу акбар, Ал-ла-хIу акбар», – олуш.

Юха соцура, ла а доьгIуш, тата хезий хьоьжуш санна.

Тхуна шозза иштта тешнабехк бинера цо, тхо цIабалгашна тIехьовддушехь, ламаз а дуьтуш, тIаьхьа а ваьлла.

Цул тIаьхьа дуьйна, цо некхе куьйгаш дахккалц IаддаIара тхо, гучу ца довлуш.

ТIаккха гIожмаш йолайора, цхьацца дитт схьа а лоций – кхо–йиъ минот хан хуьлура.

Хехочо жIаьла далийра.

ЖIаьла доккха дара, уьстагI санна, кочахь доьхка а долуш.

Цо «Моряк» олура цунах. Морякна кхаа дийнахь, де юкъа ца дулуьйтуш, киснашкахь дIа а даьхьна, тIулгаш диттира оха, ворхIамма вовшах а кхетта, цу балхана дIа а оьхуш.

ЖIаьла тхо гича додура, дена юххера схьа а ца долуш. Хехочо шад еттара, шен жIаьлина къа а доьхуш.

ЖIаьла тIепаза довра тIаккха, «цкъув-цкъув» деш, цIога когаш юккъе а лоций.

Эххар а шеца кIант кхийлла велира и хехо.

КIант воккха вара, армера цIа а веъна.

Цо тхуна еттара, цхьацца схьа а лоцуш.

Иза тIаьхьаваьлча, цхьаьний довда Iемира тхо, цхьа-цхьацца а ца водуш.

Тхо вовшах летара тIаккха, тхо ворххIе а цу цхьаннах.

Иза хIетте а тхол тулура.

Цхьана дийнахь, кIант а воцуш, ша веанчу хехочунна хьалхалера хIилла а дина – ламазан хIилла, – дийла а дуьйлуш, цIа догIуш дара тхо, кочахь кхозуш пазаташ а йолуш, и кIант тхуна тIеIоттавелча.

Иза сецира, вист а ца хуьлуш, со волчухьа схьа а хьаьжна. Цуьнан ши бIаьрг цIийбелла бара.

Тхо а севцира, лата дагахь.

– Хизир, – элира цо, – Хизир, – бат эго а йолалуш.

– ХIун боху ахь? – элира ас, шина бIаьрга гIаж а лоьхуш. – Хьайна дуьсур ду моьтту хьуна… Iаби цIа ваийта ахь цкъа… цо хьан бат-м, хьан муцIар…

– Хизир… хьо… хьо суна… суна… – ша лаьттачохь охьахиира, шина а куьйга юьхь а хьулйина, цхьа велха а волалуш.

Тхо девдира.

– Дада… дада гирий шуна? Дада варий цигахь? – кхайкхира иза.

– Далла тIекхаьчна хьалавоьдуш хир ву хьуна, – элира оха, – ламазаш деш.

– Iабих кхера ма велла иза, – ас «хIиъ-хIиъ» дира, – гирий шуна, воьлхуш? – аьлла. Бераш а дийладелира.

Ас Iаби вийцира тIаккха, Iабис турник тIехь «солнце» а йора, уггар дукха штанга а ойура цо, бIе кийла а ойура бохуш, дукха гIозваьлла, пуьташ а буьттуш.

Тхо юьртахь дIасакъаьстира, кхана юхадаха барт а бина.

Тхан ков доккха диллина дара, милици а йолуш.

Нах а бара дукха.

Ши салти а гира суна, нахана цхьаъ дуьйцуш лаьтташ.

Наха цу шинна гуо бинера.

Цара нохчийн мотт буьйцура, цу шинна а салтичо, тIехьа дехкина куьйгаш а долуш, бIаьргаш лаьтта охьа а доьгIна: «ХIаъ, дара… цхьаьна дара тхо. Танкист вара Iарби… Танк иккхича, цIе а яьлла, чим бен, хIума ца дуьсуш…»

Нана соьга йист а ца хилира.

Нана Iадда лаьтташ яра, бIогIам санна, Iадда лаьтташ, пен санна, кIайн, ло санна, хи санна, сецна ши бIаьрг а болуш.

– Иван Алексеевич! – элира цхьамма, милцочо.

Со дIахьаьжча, гIазкхи вара, тIехь сийна хорма а йолуш, погонашца, хурашка а.

Хурашка тIам санна яра, бохь ирах а бахна.

Вукхо:

– Иза мила…

– Вайн кхузара… районера военком… Езжайте, мы подежурим, – милцочо элира, – до утра будем…

– Мои соболезнования, мать, ваш сын … погиб, как мужчина, как настоящий чеченец, защищая свою Родину, геройски погиб.

Ненан карара цхьа хIума охьаюьйжира.

Цхьана зудчо схьаийцира.

Мидал яра. Цхьа гIутакх а.

Со кхийтира.

Соьга мохь белира.

Суна хIумма а ца гира кхин.

 

Суна Iуьйранна яьшка гира, кIайчу аьчган кIайн яьшка, юккъехула пурх дихкина цIен цастар а долуш.

Цу тIехь цхьа йоза а дара, цхьа терахьаш, шераш а.

Нах бара, дуккха а кхин нах а болуш, кху юьртара боцу нах.

ГIазкхий а бара, нохчий а. ГIазкхий тIеман хормица бара, уьш дукха бара, дуккха а милици а йолуш цхьаьна.

– Нет, нельзя! Таков приказ, нельзя открывать… – гIазкхичо куьг ластийра, тIехь плащ йолчу гIазкхичо.

Цуьнан коьртахь шляпа а яра.

Наха цуьнга цхьаъ дуьйцура, дуккха а тIе а гулбелла.

ГIазкхичо корта лестабора:

– Нет, нет… только в ящике… Москва, не я решаю, – бохуш.

Цул тIаьхьа яьшка дIаийцира, веамма белшаш тIе а юьллуш.

Нах берриш а тIаьхьахIиттира, цхьа зуькар а долош.

Мохь гIаьттира кертара схьа, зударийн мохь, цIогIанаш.

Нана яцара, гуш а яцара.

Кхаа дийнахь а яцара нана.

Гуш а, хезаш а яцара иза, йистхуьлуш а, йоьлхуш а.

Цуьнан бат тIелетта яра, ши бIаьрг а бара сецна лаьтташ.

 

Суна меттахь гира иза юха, уллохь ши зуда а гуш.

Кора дуьхьал хIумнаш а яра, чохь, кIора санна, Iаьржа а йолуш.

Наг-наггахь стаг а вогIура: «Ма, ма хьае, Халист ма хьае… ялсаманин хьаша войла-кх цунах, дика кIант вар-кх Iарби», – олуш.

 

Лулахочо беттара етт.

Цо хьокхамаш а доттура.

 

Кехат деара пхи де даьлча, Iабис тхоьга яздина кехат.

Нанас схьа ца дастийтира, – иштта дисира, схьа а дастаза.

 

Со гарингаш тIехь Iара, ламин гарингаш тIехь, и цхьа стаг вистхилча.

Иза говрахь веара схьа, цхьа доккха гали а дохьуш.

Хехо вара, оха хьийзийна, цIабалгийн хехо.

– Ас хьуна цIабалгаш ма деъна, Хизир… цIабалгаш ма деъна ас… хьо ван ма ца вогIу… – суна юххе охьахиира.

Маравоьллира.

Вилхира юха.

Со цуьнга вист а ца хилира:

Суна хIун ду а ца хаьара, сайна хилларг хIун ду а – со вистхила вицвеллера.

 

– Во-о, Хизир!.. – чуьра аз дара, ненан аз, геннара схьа, халла хезаш.

Со улло дIавахара, нанна улло, маьнги тIе.

– Ишколе гIуохьа… ши кIира а ма даьлла… нанна виса хьо…

Берашна со ган а ца гора.

Уьш цхьаьна дара, шаьш-шайца.

Бераш суна тIехдуьйлура, со дIагича, шабарш а деш.

Кемса цкъа тIееара, сан белш тIе куьг а дуьллуш.

ЦIе яьккхира: «Хизир»,– олуш.

Юха кхин цкъа а яьккхира цIе.

ДIаяхара, дIа а йирзина, цкъа меллаша, юха сиха, яда гIерташ, йодуш санна.

Сан иза бен цхьа а вацара.

Суна иза бен цхьа а ца гора.

Цо наггахь корта таIабора. Ела гIуртура, балдаш а соцуш. Урамехула тIех а йолура, тхан урамехь, корера гуш.

 

Ло диллира, доккха ло.

Ло кIайн дара, бамба санна, кIайн.

Тхо цIа а хецна, керлачу шарахь, ишколе юхадаьхкича, суна кIант гира, актер санна, актер санна хаза кIант, сийна ши бIаьрг а, месаш а йолуш, белшаш тIе хIуьтту Iаьржа месаш.

Иза лекха вара, чIогIа лекха, воккха а вара, маж а йошуш.

УьтталгIачу классехь вара, КемсагIеран классехь, гIалара кхуза деша веъна.

Боксер ву бохура иза.

Суна цкъа иза леташ а гира, юьртарчу цхьана воккхачу кIантах, кулубна тIехьа а ваьлла.

Тхо дерриш а хьовса дахара, ишколехь мел долу бер.

Цо йиттина бохуш дуьйцура, шен классерчу цхьана кIантана.

Вукхо ваша валийнера.

Цунах уьш кхоъ летира, цхьанна цо буй тоьхча.

Буй кхеттачо урс даьккхира.

Бераш дIадевдира тIаккха, хьехархошка маьхьарий а детташ.

Хьехархоша къа доьхура: «Нах ма яц шу, нах, кху берана урс а даьккхина,..»

Юха цара иза дIавигира, хьехархоша, схьа а лаьцна, цо, латийта боххушехь ша, шеца цхьацца схьа а воккхуш.

 

Массара а иза вуьйцура, кино чохь волуш санна, цо цунна а, вукхунна а – оцу Iаьржачу лаьттора, – цо еттар ма яра бохуш, массара а дуйнаш а бууш.

Массо йоI а хуьлура цуьнца, шайн классера массо а йоI, уьш массо а, Кемса йоцург, сан, тхан, Iабин йоI…

Кемса цхьаьнцца а ца хуьлура, я шайн зудаберашца а.

Иза ша яра, цаьрца а йоцуш, урокера арадевлча а.

Кемсица зудабераш хилча, и кIант цаьрца ца хуьлура, я уьш цхьаьна вовшахкхетча, Кемса а ца хаалора цаьрца.

Кемса ша гора, даим а ша, цхьанхьа ша дIа а хIуттий, букь диттах а тоьхна, лаьтташ.

Суна иза тIаккха дика хетара, Кемса цхьаьнцца а ца хуьлуш.

Иза буьрканах а ца ловзура физкультуран урокехь, сетки тIехула кхуьйсучу буьрканах.

Физкультура арахь хуьлура, бIаьсте яьлча.

Апрель бутт бара.

Наг-нагахь цаьрца йолу йоI-м хаалора суна Кемсица, гуттар а цуьнга цхьацца дуьйцуш, шен тобанах схьакъаьсташ, юха царна дIа тIе а оьхуш.

Юха тIаьххьар а, цхьа хан яьлча, и шиъ цхьаьна лела елира, гуттар а цхьаьна, даим а, тIаккха и кIант а, и лекха кIант а (массара а вуьйцуш волу) хуьлура цаьрца – Кемсица а, цу йоIаца а, ша цаьрца а воцуш санна, вист а ца хуьлуш, цу шинца лелаш.

Уьш даим а цхьаьна хуьлура, цкъа а вовшах а ца къаьсташ.

И кIант цу йоIаца вара, Кемсица хуьлучу йоIаца, гуттар а цуьнга цхьаъ дуьйцуш,

Кемса шайца а йоцуш санна.

Кемса цхьа чIогIа хийцаеллера, цхьа хIума а ца гуш санна.

Иза, со гича, тIехйолура, со воцуш санна, сох чекх а хьоьжуш.

Цуьнца йолу йоI а хуьлура иштта, со шена ган ца гуш санна.

Кемса, со гича, дIайоьрзура.

Иза йодура, со гича.

Со гича, иза къайлайолура.

ЦIа а кхечу новкъа оьхура иза, тхо долчухула а ца оьхуш, ша цигахь Iаш йоллушехь, тхан новкъахула дIавахча.

Суна муьлха 6у а ца хаьара, иза хIинца дIасалелаш болу некъ.

 

Май бутт бара, май баттахь дар-кх, тхо дIахеца кIира дисча, со берашца арахь лаьтташ – ишколан кертахь, – и йоI суна тIейогIуш, Кемсица цхьаьна хуьлуш йолу йоI.

– Схьавадал, – элира цо. Аса:

– Сой? – аьлла, хаьттича: «ХIаъ, хьо!» – элира юха. Со дIа тIе волавелира.

– ХIахI, дIалаца… хIорш, – цо тIехьара, букътIехьара куьг кховдийра, цхьа кехаташ.

Со схьалаца ца кхиира.

Кехаташ охьаигира.

ДIасадаьржира, дуккха а дIаса, диъ-пхи сурт а дужуш охьа: Iаби вара, Iабин суьрташ,.. тIехь яздина «Кемса» а долуш… Юха кехаташ а, кехаташ, Iабис цуьнга, Кемсига…

– ХIорш хьоьга… Кемсига… – со хьалахьаьжча, йоI яцара: дIаяхнера, яйнера.

Горгали бийкира чIоггIа, бераш ишкола чу а доьлхуш.

 

Со иштта суо латта висира, массо а ведда дIа а вахна.

Со юха тIаккха… ас юха тIаккха неI туьйхира, классан неI, ишкола чохь, ламеш тIехула шолгIачу гIат тIе хьала а ваьлла, уьтталгIачу «А» классан, Кемса чохь йолчу классан неI, цуьнга кехаташ дIадала.

НеI йиллира.

– Кем..,

– Вам кого?

– Кем… са…

– Зулкарниева! – хьехархо дIайирзира, цхьана куьйга лаьцна неI а йолуш.

Цхьа гIовгIанаш евлира чохь: «Ее нет, Надежда Васильевна… ей плохо стало… она ушла…»

– Как ушла! Я ей устрою на экзаменах, голубке этой! – цхьа дов дира, схьа а ца йоьрзуш:

– Ушла она, мальчик, иди, – неI сихха тIекхийтира.

Со висира, неI тIе а кхетта, карахь и кехаташ а долуш, хIун дан деза а ца хууш айса.

Со меллаша охьаволавелира ламеш тIехула, сайн кехаташ а, суьрташ а эцна.

Уьш сан карахь дара, цхьа дийна, чохь са долуш санна.

Суна сайн нана дагаеара, юха Iаби, тхайн керт.

Суна дерриг а цхьаьна гора: суо а, нана а, Iаби а, и кехаташ а, Кемса а, тхо дерриш а цхьаьна долуш санна, вовшашна гуш, хьоьжуш.

Машено сигнал тоьхча, со Iина йисттехь вара, дуьхьал йогIуш машен а йолуш, Iин чуьра хьала, суна дуьхьал.

Со кхуза муха кхаьчнера?

ЦIа воьдуш хилла-кх со, я, виц а велла, иштта дIавоьдуш, ойланашна тIаьхьа, Iинчухула, нах лелачу новкъа а воцуш.

– Ши бIаьрг бац хьан! – шопаро.

– АхI?

– …хьо мераIуьрг! – кIайн машен, заза санна кIайн.

Машено бехдина хи.

«Iинчухула цIа гIур ву-кх. Хин йистаца хьала а вахна, лакхахула дIа дехьа а ваьлла… Цигахь тIай а ма ду… ЧIерий… цIаза пIелггал бен дац-кх, цхьа баьццара, кегий… хи а ду-кх иштта баьццара, чохь дитташ а уьдуш… Нанина хазахетар ма ду… тIаккха цо важа кехат а… схьа а даьстина… Уьш муьлш… хIунда лаьтта хина дехьий, сехьий… и кIант… иза… хIунда воьлу… Кем-са… Кемса ма ю… иза… цуьнца… цу кIантаца… шайн классерчу… еха месаш йолчу…» – со сецира, латта висира; суна Кемса гира, кехаташ, – со кехаташка охьахьаьжира, юха цига дIа, – цаьрга.

КIант воьлура.

КIант сецира.

КIант соьгахьа охьахьаьжира.

ТIаккха юха,.. Кемса… Кемса сихха дIайирзира, букъ а берзош, дIахьаьдира, самаелира, цхьаъ олуш, цу кIанте куьг а ластош.

ДIаяхара генна хьалха. КIант меллаша воьдура, хечин кисанашкахь ши куьг а долуш.

Суна хаьара… ца хаьара, суна цхьаъ-м дуйла хаьара… суна хIун ду ца хаьара, –хIара хIун ду …………………………………… муха ду…

Сан легаш къуьйлура, хиш оьхура, некъ ца гора.

Суна нана гира, сайн нана, лулахочуьнца, Хедица лаьтташ.

– Нана-а, – элира ас, – ва-а нана-а, нана-а! – со сайн нанна тIекхийтира, цунна тIе дIа буйнаш а детташ, мохь а хьоькхуш, велха а воьлхуш. – Иза кIантаца ма ю, нана… нехан кIантаца ма ю иза… Иза кхузахула ма ца лела… вайн новкъахула ма ца йогIу… Иза Iабин йоI яц хьуна… иза вон йоI ю хьуна, нана… ас Iабига, сайна гича… сайна гIенах гича… – со чIинчIура охьавахара, са хада санна, мохь а хьоькхуш; хьалаиккхира, дIаведира, сан кехаташ охьаийгира.

– Ма… Хеда… лацалахь… ма вахийталахь…

Со ведира, дIаведира, кертахула дIа, кха тIехула, со божал чу иккхира, кара ца вайта, ца лацийта.

– Нана яла хьан, – хезира суна, цхьа хан яьлча, дуьне доьхча, – хIума ма дац, нана яла хьан… Иштта хуьлуш ма ду иза… хьайн тIоьрмиг байина ахь… маре яха ма еза цуьнан… Хьо воккха хилча, иза бен… и йоI бен хьан дог хьаста… ХьалагIаттал, нана яла цуьнан… ма дукха кехаташ деъна ахь… хаза суьрташ а хьайн вешин…

Сан марахь бIогIам бара.

Ас бIогIам ца хоьцура.

Сан кийрара Iовгаш дара, «хIиъ-хIиъ» дара, хиш а доцуш.

Хиш дацара, кхачаделлера, цхьа хIума а дацара кхин: со а вацара я дуьне а… цхьа Кемса яра, Кемса, Iабин Кемса нехан кIантаца…[/toggle]

4 комментария в “Сан вешин тIехьийза йоI (М. Бексултанов)”

  1. Selma

    Marsho, Дела реза хийла шуна х1ара болх барна. Ненан маттахь деша ца хуучу кегийчарна доккха совг1ат ду аьлла хета суна х1ара аудиожайнаш, нохчийн литература езачарна а ду-кх иза совг1ат. Мусан проза ч1ог1а к1оргера чулацам болуш а, дуккху а дахарехь оьшура долу масалша долуш а, ч1ог1а хазачу нохчийн маттахь язъйина а ю. Шайн аьтто хилахь цуьна Буо боху дийцар а кхоссалиш чу. 🙂
    Дала т1аьхье беркате йойла кху белхан.

    Ответить
    • Marsho

      Дела реза массарна хийла вайн, Зара, х1ар болх буолош хьай аьтто болча аг1ор г1о динчу къаьстин хьуна а)
      кер мел йог1уг чу кхуссар ю, Дала мукъ лахь))
      амин)

      Ответить

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *