Хьекъалан тIай

Опубликовано: Автор: & Категория: Туьйранаш.

«Цхьана жимчу мехкан паччахье кехат даийтина хилла кхечу ницкъ болчу паччахьо. Цу кехат тIехь цо яздеш хилла: «Хьан хIорда бухара айгIар терсича, ворхI лам битина бархIалгIачу лам тIехьара сан кхелаш остъевлла. Нагахь тIом бан ца лаахь, суна тIе маслаIатна ехха маж йолуш воккха стаг ваийта, остъяьллачу кхузткъе кхаа кхелан дохкуна а дахьаш, гIаш а воцуш, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а, чохь а, арахь а воцуш…»

[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Цхьана жимчу мехкан паччахье кехат даийтина хилла кхечу ницкъ болчу паччахьо. Цу кехат тIехь цо яздеш хилла: «Хьан хIорда бухара айгIар терсича, ворхI лам битина бархIалгIачу лам тIехьара сан кхелаш остъевлла. Нагахь тIом бан ца лаахь, суна тIе маслаIатна ехха маж йолуш воккха стаг ваийта, остъяьллачу кхузткъе кхаа кхелан дохкуна а дахьаш, гIаш а воцуш, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а, чохь а, арахь а воцуш.»

И кехат кхаьччахьана дог доьхна, ойланашка воьжна паччахь. Мел ойланаш ярх а, карош ца хилла паччахьана дуьхьал вахийта хьекъале, бегIийла стаг. ТIаккха цо чIагIо йина, дуьххьара тIекхаьчначу стагах дагавала. СагIа доьхучуьн бедарш а юьйхина, араваьлла паччахь. Лелаш, гIулгех ловзуш дохкучу берашна тIекхаьчна хIара. Кхунах бIаьрг кхеттачу бераша вовшашка аьлла:
— СагIа доьхучунна тIулгаш тохий вай?
Бераш совцийна цхьана эгIазчу кIанта:
— Ма тоха. И сагIа доьхург вац, паччахь ву, — аьлла.
Паччахь инзарваьлла шена хезначух.
— Дийцахь, кIант, со тIелхигаш йоьхна а ма вара, муха вевзира хьуна со?
— ДIадаханчу пIераскан дийнахь маьждиге рузбана вогIуш ахьа лийзинчу цу хьан когех, боларх вевзира, — жоп делла кIанта паччахьна.

Оцу кIанте дийцина паччахьа шега даийтинчу кехатах лаьцна. Ткъа кIанта аьлла:
— И-м кIадда а боцург дара, сан эрна хан ма яйа.
— Ой, кIадда а боцур муха ду и? Дийцахьа, хIун дича хIун хир дара-техьа? — хаьттина паччахьо.
— Сагатдан ца оьшу хьуна. Кхана Iуьйрана со хьо волчу вогIур ву. Ахьа хIетале дикачех кхузткъе кхоъ дин а, кхузткъе шиъ бер а кечде. ХIоранна а — терсмаймал тур а, вир-бIарз а, бож а.

Ша ма-аллара кечам бина баьллачул тIаьхьа ницкъ болчу паччахьана тIеваха новкъа ваьлла и кIант. И паччахь вехачу шахьарна шаьш чоьхьа доьвлчхьана «гIалх» мел аьллачу жIаьлин са даккха аьлла омра дина кIанта шен берашка. ЖIаьлеш дойуш, хIорш богIуш, цецбевллачу шахьаран бахархоша хаьттина:
Аш хIун леладо, хIай? — аьлла.
— Тхо паччахьана тIедогIуш ду! — жоп делла берийн буьйранчас.
Кхарах лаьцна паччахье хаийтина наха.
Схьадахкийта, новкъарло ца еш, — аьлла паччахьо.
— Аш лелорг хIун ду, жIаьлеш дойуш? — хаьттина цо берашка.
— Сийсара, ворхI лам а битина, бархIалрIачу лам тIехьахь, же юккъе борз иккхина, жа хIаллакдеш, ас кхойкхуш мохь беттарх, царех цхьаммо а «гIалх» ца элира, — жоп делла кIанта.
— Ой, ворх лам а битина, бархIалгIачу лам тIехьара хьан жа дойуш, кхузарчу жIаьлешна мичара хезар дара? — цецваьлла паччахь.
— Тхан паччахьан хIорда бухара айгIар терсича, ворхI лам а битина, бархIалгIачу ломарчу хьан кхелашна а хезнерий и? — жоп делла кIанта.
— Хьо ву суна тIе ваийтинарг, аса маж а йолуш, воккха стаг ваийта ма аьллера?
— Маж-м хIокхуьнан а ю, — олуш, бож хьалха кхоьссина кIанта паччахьана.
— Делахь а маж хиларх ца тоьа, хьекъал ца хилча.
Цецваьлла паччахь хаттарш дан волало, хIара зуьйш.
— ГIаш а, говраца а, стиглахь а, лаьттахь а воцуш, чохь а, арахь а воцуш стаг ваийта ма аьллера ас. И мичахь ву?
Схьалаьцна вир-бIарз неIаран сагIе юккъе хIоттийна кIанта, ши ког арахь а болуш, шиъ чохь а болуш. ТIаккха ша тIехиъна цунна, цIоганехьа а вирзина.
— ГIаш а вуй со, говраца а вуй со, стиглахь а вуй со, лаьттахь а вуй со? Чохь а вуй со, арахь а вуй со? Шен толамах дог диллинчу паччахьо дешин богичохь седанал а хьаьъна хи хIоттийна шена уллохь. Ткъа кIанта цу боги чу чIешалг кхоьссина.
— И мукъана хIун дара хьан? — хаьттина паччахьо.
— Бога дешиниг хIоттор — дешел а чIогIа наха хьайн сий до бохург дара хьан. Цу чуьра сирла хи — хьайн хьекъал дукха ду бохург дара хьан. Ас чIешалг тасар — оццул хьуна къорга хетачу хьан хьекьална тIай тиллина, сан хьекъал дехьа далалур ду бохург дара.

Дан амал доцуш, къера хилла паччахь.[/toggle]

Хьекъал долу воккха стаг а, къиза эла а

Опубликовано: Автор: & Категория: Туьйранаш.

«Хьалхалерчу заман чохь цхьа эла хилла нохчашна юккъехь вехаш, шен махка тIехь бехаш нах а болуш. Цу элан Iедал хилла шен махка тIехь вехаш къан а велла, кхузткъа шо кхаьчначу стаге цхьацца хала хеттарш а дой, царна нийса жоп ца делча, цо юуш йолу хIума чохь йисар гIоли ю олий, вуьйш..»
[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Хьалхалерчу заман чохь цхьа эла хилла нохчашна юккъехь вехаш, шен махка тIехь бехаш нах а болуш. Цу элан Iедал хилла шен махка тIехь вехаш къан а велла, кхузткъа шо кхаьчначу стаге цхьацца хала хеттарш а дой, царна нийса жоп ца делча, цо юуш йолу хIума чохь йисар гIоли ю олий, вуьйш.

Цхьана кIентан цхьа да хилла кхузткъа шарал тIехваьлла. Цу кIанта и шен да, верна кхоьруш, велла а аьлла, хьулвина кхобуш хилла. И хаа а делла, эло кхайкхина иза тIе а валийна, аьлла:
— Ас цхьа-ши хаттар дийр ду хьоьга. Цунах ахь нийса жоп лахь, верах хьалхавер ву хьо, ца лахь вуьйр ву хьо.
Воккхачу стага цу элана жоп луш аьлла:
— Делахь дика ду, сан оцу хеттаршна жоп дала ницкъ кхачахь, хIинцачул тIаьхьа кхин воккха стаг ца вен дош дала деза ахь.

Эло, цо бохург тIе а лаьцна, бос цхьаъ болуш, мас цхьаъ йолуш цхьабосса ши боргIал хьалха схьа а ялийна, хаттар дина:
— ХIокху шиннах йоккха муьлхариг ю?
ДIавоьллачу воккхачу стага, и ши боргIал ара мохе а яьккхина, хьалха хьаьжкIаш а тесна, дIахIоттийна. Цаьрга хьажа а хьаьжна, къонахчо эле аьлла:
— ХIара йоккха ю, хIара жима ю.
Эло цуьнга хаьттина:
— Муха хии хьуна цу шиннах йоккхахъерг а, жимахъерг а?
Воккхачу стага жоп делла:
— Цу шина боргIалх йоккхахъерг, шегахь ницкъ болу дела, мохана дуьхьал а йирзина, хIоъ баа хIоьттира, жимахъерг, шегахь ницкъ кIезиг хиларна, мохехьа букъ а берзийна, хIоъ баа хIоьттира. Цу тидамах хиира суна цу шиннах йоккхахъерг а, жимахъерг а.
Эло цуьнга аьлла:
— Цхьаъ хии хъуна. ХIинца хIара шолгIаниг хьуна хаахь верах хьалхаволу хьо.
Воттаница шарбина, стомма юьхьиг а, юткъа юьхьиг а къаьстар йоцуш цхьа хен хьалха дIа а хIоттийна, цуьнга хаттар дина:
— ХIокху хенан стомма юьхьиг муьлхарг хилла? ДIавоьллачу воккхачу стага и хен цхьана лекхачу басара чу-хаьхкина. Бухакхаьчча хьаьжначу цо аьлла:
— ХIара юьхьиг стомма хилла, хIара юьхьиг юткъа хилла.
Эло цуьнга хаттар дина:
— Муха хии хьуна иза?
— Дечиган Iедал ду, мел ахь цхьабосса ши юьхьиг нисйича а, охьанехь ша чухаьхкича, стомма хилла юьхьиг хьалха а йолуш, юткъа хилла юьхьиг тIаьхьа а йолуш, соцуш.

Эла, цо делла жоьпаш нийса хилар а магийна, цул тIаьхьа цкъа а воккха стаг ца вуьйш сецна.[/toggle]