Муьлха хилла йоккха?

Опубликовано: Автор: & Категория: Туьйранаш.

«Цхьа сту хилла бежаш. Bopxl ломал дехьа кхоьвдий, буц кхоллуш, вукха ворхI ломал дехьа кхоьвдий, Iам чуьра хи молуш, лаьтташ хилла иза.
Мичара ели а ца хууш, мархашкара, лакхара цхьа йоккха аьрзу еана. Катоьхна мIарашца и сту схьа а лаьцна, мархашка дIаяхана аьрзу. Лелаш, лелаш охьа а хиъна, сту баа меттиг лоьхуш хилла цо..»

Текст на чеченском языке
[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Муьлха хилла йоккха?

Цхьа сту хилла бежаш. Bopxl ломал дехьа кхоьвдий, буц кхоллуш, вукха ворхI ломал дехьа кхоьвдий, Iам чуьра хи молуш, лаьтташ хилла иза.
Мичара ели а ца хууш, мархашкара, лакхара цхьа йоккха аьрзу еана. Катоьхна мIарашца и сту схьа а лаьцна, мархашка дIаяхана аьрзу. Лелаш, лелаш охьа а хиъна, сту баа меттиг лоьхуш хилла цо..
ТIаккха цхьа йоккха бож яйна цунна лаьтташ. Оцу божан маIаш тIе а хиъна, сту биъна аьрзуно. Оцу божан можан IиндагIехь вижна жаIу хилла наб еш. Сту биъна а яьлла, шен зIок оцу стеран пханаран даьIахках хьаькхна цIан а йина, и даьIахк охьакхоьссина аьрзуно. Пханар доьжна наб еш Iуьллучу жаIуьнан бIаьрга. Цунах сама а ца ваьлла жаIу.
Аьрзу дIаяхана. Кхано сарахь, ша жа а лаьхкина цIа воьдуш, жаIуна шен бIаьрга яхана хIума хааелла. Хьекхийна бIаьрг, хIума схьа ца яьлла.
ЦIа веача, шен нене аьлла цо:
— Баба, хIокху сан бIаьрга цхьа хIума яхана, и схьаяккхахьа! Нанас схьаозийна хIума, схьа ца яьлла.
— Вай, xlapa-м дер ю пханаран даьIахк,— аьлла нанас. ТIаккха лулахочуьнга кхайкхина нана. Шиммо а озийна, схьа ца яьлла. Гондахьара нах а балийна, озийна даьIахк, тIаккха а схьа ца яккхаелла.
Исс эзар кIур болуш, йоккха юрт хилла иза. Паж такхол, мел болу баккхийнаш а, бераш а гулбина, зIенаш а тесна, жаIуьнан бIаьргара пханар схьадаьккхина. Шайн жаIу оцу балех хьалхаваларна баккхийбеш, оцу юьртахь болчу массо а наха сацам бина, исс эзар кIур болу ерриг а юрт цу пханар тIехь йилла. Чехка шайн юрт пханари тIе а йиллина, баха хоьвшина нах.
Цул тIаьхьа цхьа тамашийна хIума хааделла юьртахошна. Буьйсанна хьеран тIулг санна, хьийзаш хилла церан юрт. XIapa хIун ду-те, аьлла, кегий нах юьртара арабахана буьйсанна, и хIума ларъян. Хьоьвсича, гина царна, буьйсанна, цу пханари тIера церг етташ, жижигаш даха оьхуш, цхьа доккха цхьогал хилар.
ШолгIачу буса оцу юьртахь топ йолуш мел волу бIе ткъе пхи стаг ара а ваьлла, тоьпаш а йиттина, цхьогал дийна.
Iуьйранна арабоьвллачу наха цхьогалан цхьана агIон тIера цIока яьккхина. Оцу исс эзар кIур болучу цIийнах мел волчунна цхьогалан цIоканах цхьацца кетар хилла.
Вукха aгlop цхьогал даккха а ца делла, цIока тIехь йисна.
Iуьйренан заман чохь хи тIе йогIуш хилла цхьа къена Жоьра-Баба.
— XIapa яра хIокху юьрте а тIекIел ца яккхаелла цхьогалан кIорни? — аьлла, Жоьра-Бабас, чамий а Iоьттина, цхьогал вукха arlop даьккхина.
— Сан кхо шо кхаьчначу кIентан кIантана кетар хир ю кхунах, — аьлла, бабас цхьогалан йисина цIока схьаяьккхина.
Шен кIентан кIантана кетар йина бабас, амма пхьуьйшашний, кетаран кочаний цIока ца тоьъна.
Хаал, оцу йийцинчех, муьлха йоккха хилла:
сту, аьрзу, бож, жаIу, цхьогал, Жоьра-Баба я кIентан-кIант?[/toggle]

Текст на русском языке:
[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Кто был самый большой?

Огромный вол бродил по ущелью. Потянувшись через семь гор, траву ел он, потянувшись через другие семь гор, из озера воду пил он.
Откуда ни возьмись, из туч, сверху появился орел. Схватил он вола когтями, поднялся и скрылся в тучах. Летал-летал орел, все высматривал, куда бы опуститься со своей добычей.
Наконец увидел внизу большого козла. Опустился он козлу на рога, съел вола, а хребет его отбросил в сторону. И угодил он этим хребтом прямо в глаз чабану, который лежал в тени от бороды козла. Но чабан только поморгал немного глазами и продолжал спать.
Вечером, возвращаясь с отарой домой, чабан почувствовал, что в глаз ему что-то попало. Пришел он домой и говорит матери:
— Мне что-то в глаз попало. Будь добра, вытащи.
Мать увидела в глазу хребет вола. Взялась за него обеими руками, но вытащить не смогла.
— Это кость большая, одной мне ее не вытащить,— сказала она и пошла звать на помощь соседа.
Пришел сосед. Принялись они тянуть вдвоем, но все равно вытащить не смогли. Позвали еще людей, стали все вместе тянуть — и тоже не смогли вытащить.
Аул, где жил чабан, был большой, в нем было девять тысяч дымов. Сбежалось к чабану много народу, даже старики и дети. Привязали к хребту цепи и потянули. Тянули, тянули и вытянули. Обрадовались жители аула, что спасли чабана и на хребте вола решили перенести весь аул в девять тысяч дымов. Быстро построили село на хребте и стали жить. После этого стали они вдруг замечать что-то удивительное. Ночью как мельничный жернов крутилось их село. Джигиты посмелее решили узнать, что же происходит ночью, вышли и стали сторожить. Ждали они и видят, что большая лиса с хребта вола отгрызает остатки мяса.
На вторую ночь все, кто в этом селе имел ружье, сто двадцать пять джигитов вышли, подкараулили лису и застрелили. Утром вышедшие люди сняли с одного ее бока шкуру. В селе из девяти тысяч дымов каждому жителю из этой шкуры лисы сшили по одной шубе. Хотели перевернуть лису, чтобы снять и вторую половину шкуры, но не смогли ее сдвинуть с места и шкура осталась.
Утром пошла одна старуха за водой.
— Это и есть тот самый лисенок, которого не смог перевернуть целый аул? — удивилась старуха, поддела лису черпаком и перевернула на другой бок.
— Из этой половины выйдет шубка для моего трехлетнего внука, — сказала старушка и сняла с лисы остаток шкуры.
Вернулась домой и принялась шить внуку шубу, но на рукава и на воротник меха ей так и не хватило.
Узнайте, кто был больше всех: вол, орел, козел, чабан, лиса, старушка или ее трехлетний внук?[/toggle]

Хьекъал долу йоI а, кхелахо а

Опубликовано: Автор: & Категория: Туьйранаш.

«Цхьана юьртахь вехаш вара миска стаг. Цуьнан цIийнан нана а, кIант а кхелхина хилла. Цу къехочун чIогIа тидаме а, гIиллакхе а, къахьега хьуьнаре а, оьзда а йоI яра. ХIусам а, керт-аре а, чуьра йийбар а, кога юхург-тIеюхург а, пхьегIаш а, массо а хIума цIена латтайора йоIа. ЧIогIа хьекъал долуш яра иза…»

[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Цхьана юьртахь вехаш вара миска стаг. Цуьнан цIийнан нана а, кIант а кхелхина хилла. Цу къехочун чIогIа тидаме а, гIиллакхе а, къахьега хьуьнаре а, оьзда а йоI яра. ХIусам а, керт-аре а, чуьра йийбар а, кога юхург-тIеюхург а, пхьегIаш а, массо а хIума цIена латтайора йоIа. ЧIогIа хьекъал долуш яра иза.
Мискачу стеган бахам жима бара. Цуьнан даьхни а, бажа а, рема а, жа а дацара. Бакъ ду, къехочун ворда а, цхьа говр а яра. Цхьана дийнахь генарчу юьрта ваха везаш гIуллакх хилла цуьнан. Иза шен цхъаъ бен йоцчу говрана нуьйр а тиллина, тIе а хиъна, новкъа велира. Иза гурахь дара. Къечу стага сарралц некъ бира. МаьркIажа бода хIоытина хан яра. Къехо а, цуьнан говр а ший кIадделлера. Некъана нацIкъар а яькхкхина, ворда а сацийна, буьйса якхкха сецча, стаг гира цунна. Иза хиллера совдегар. Мискачу стага, тIе а вахана, салам делира. Иза йохка хIумнаш яхьаш вогIуш хиллера. Цо мискачу стаге аьлла, арахь Iарж а елла, буьйса яккха новкъхь сецна ша. Къехо а резахилла, буьйса йокхкхуш, цигахь саца. И шиъ, буьйсанна хан яллалц, къамелаш деш а Iийна, шайна хIума а кхаьллина, дIавижира. Мискачу стеган кхел, совдегаран ворданна юххе а яхана, дIайижина хиллера. Оцу кхело сахилале бекъа йина.
Миска стаг Iуьйранна самавелира. Цунна гира шен кхело йина жима бекъа. Хазахеттачу къехочо, совдегар сама а ваькхкхина, цунна бекъа дIа а гойтуш, элира:
— Хьажахьа, сан кхело сийсара бекъа йина!
Совдегара, шен йуьхьа тIе куьг а хьокхуш, мекх схьа а лоцуш, мискачу стаге аьлла:
— И бекъа кхело йина моьта хьуна?!
— Ткъа стен йина и?
Ца вешаш, вела а къежна, совдегаро жоп делла:
— Эшахь, ас дуй а буур бу хьуна, и бекъа кхело ца йина, сан вордано йина, аьлла.
Къоьвсира цу шимма. Совдегар къарвала туьгуш ца хилла.
— Вордано еш хуьлу бекъа?! — аьлла, миска стаг цецваьлча, совдегаро, шек в воцуш, хIумма а бехк а ца хеташ, элира:
— Хуьлу дера, вордано бекъа еш ма хуьлуI И а ца хаьара хьуна?! Хьо ас бохучух ца тешахь, вайшиъ кхелахочун тIе гlyp ву. Цо хоуьйтур ду хьуна, со бакъ вуйла.
Уьш кхелахо волчу бахара. Цо цу шинга ла а дуьйгIира, тIаккха шен маж а шарйина, вела а къежна, элира:
— Шух бакъ мила ву къасто атта дац. ХIун дан деза аьлча, хIинца шуьшиъ цIа гlo. Кхана Iуьйранна со волчу схьавола. Уггаре а ерстинарг а, уггаре а хазаниг а, уггаре а масаниг а ялош, ван веза. И ас бохург кхочушдинчуьнан хир ю бекъа.
Къехо кхелахо волчуьра кхоьлина дIавахара. Уып шена мичара карор ю, и ша муха кхочушдийр ду, бохуш, сагатдора мискачу стага. Цундела иза сингаттаме цIа кхечира.
Хьекъал долчу йоIа шен дена хьалха юрг йиллира. ХIума а кхаьллина, иза паргIатваьлча, йоIа цуьнга хаьттира:
— Дада, хьо гIайгIIане хIунда ву? ХIун хилла вайна, соьга хIун гlo далур дара хьуна? Схьадийца, ас сайга далу накъосталла дийр ду хьуна.
Дас йоIе дерриге а ма-дарра дIадийцира. ЙоI, ойла а йина, елакъежира:
— Дада, ахь цига хIумма а яхьа ца еза. Суна хаьа, хьуна муха гlo дан деза. Цо цунна, иза дика кхета а веш, дан дезарг а, ала дезарг а дерриге а
дIадийцира. Iуьйранна миска стаг а, совдегар а кхелахо волчу дIакхечира. Къехо хIумма а йоцуш вахара, ткъа вукхо берстина Iaxap а, хаза йоI а, маса дин а бигира. Iaxap, «бIаь» бохуш, Iоьхура, говро, ког а уьйуш, лаьттах берг еттара, йоI, ела и къежаш, самукъане лаьттара. И дерриге а гуш, самукъадаьлла волу совдегар, шен толам хир бу, бохуш, вела а къежаш, самукъане а, векхавелла а вара. Совдерагна резахиллачу кхелахочо цуьнга а хьожий, корта таIабора. Мискачу стагехьа а воьрзий, цо хотту:
— Къен стаг, ахь хIун еана? Къехочо аьлла:
— Кхелахо, ас хIумма а ца еъна. Уггаре а ерстинарг ас муха яхьар яра, иза массо а тайпа стом а, ялта а, рицкъа а луш, йогIуш йолу токхе гуьйре хилча. Гуьйре хIинца йолуш ю-кх хьуна. Ахь цунах тоам бан а беза-кх. Уггаре а хазаниг ас муха яхьар яра, иза массо a aгlop тоелла, хазъелла йогIу бIаьсте хилча! Уггаре а масаниг ас муха яхьар яра, шина бIаьрго схьалоьцучу аренна шина бIаьргал маса а, кхин якхкхий аренаш юкъалоцуш хилча, ойланал маса а хIума ца хилча! ХIума ган бIаьргаш а, хIуманах кхета ян ойла йолуш, хьо-хьо а ву. Цунах кхачам бан а беза.
Кхелахо кхоьлина дIахIоьттира. Шен можах ка етташ, цо, къехочуьнга а хьоьжуш, ойла йора: «Мискачу стага говза эли. Цо аьлла хьекъале дош къобал ца дича-м, суна Iовдал ву ала а тарло». Резавоцуш, дагна цатам а болуш, кхелахочо элира:
— Миска стаг, ахь делла жоп нийса ду. Бакъ ду, суна хетарехь, ахь и хьайн хьекъалца ца аьлла. Хьуна и цхьамма хьехна. И хьан хьехна хьуна?
Дагахь йилбазалла доцчу къехочо, шена и йоIа хьехна, аьлла.
— Ахь вай дийцинарг дохийна. Ахь арахьара гlo лехна, цундела и хир дац. Ахь бекъа дIаоьцур яц, кхин а цхьа гIуллакх кхочуш ца дича. Хьайн йоIе ала, ша волчу йола: новкъа а ма йола, нацкъар а ма йола, карахь хIума йолуш а ма йола, йоцуш а ма йола, — аьлла совдегаро.
Миска стаг, гIайгIане воьжна, дIавахара. Цо ойла йора: «ХIун дан деза? Новкъа а, нацIкъар а йоцуш, карахь хIума йолуш а, йоцуш а, муха яха еза иза?». Къехо цIа кхечира. ЙоIа дега хаытира:
— Дада, хьо хIинца а гIайгIане хIунда ву? Бекъа схьа ца ели хьуна?
Дас йоIе кхелахочо бохург ма-дарра дIадийцира. ЙоIа цу гIуллакхан дика ойла йира. Цул тIаьхьа йоIа дега хаза, эсала элира:
— Дада, суна хаьа дан дезарг. Со яха ма-еззара цига а гГур ю, ала дезарг бакъонца дIа а эр ду, вайн бекъа схьа а ялор ю. ХIинца цига дахьа хьоза лацахьа суна.
Цу кеппара, дега шена хьоза а лацийтина, и йоI кхелахо волчу яха кечъелла. ШолгIачу Iуьйранна йоI новкъа яьлла. Новкъара нацкъар йолуш, некъан йистаца йолалуш, новкъа йолуш, юха а нацкъар йолуш, меттиг хуьйцуш, карахь хьоза а долуш, яхана иза кхелахо волчу. Цу кепара, иза новкъа а ца яхана я нацкъар а ца яхана.
Яхана дIакхаьчна иза кхелахо волчу. Чуяхара, карахь хьоза а долуш. Шен карара хьоза кхелахочунна дIагайтина, дIахецна йоIа, Цо аьлла:
— Со схьакхечи. Кхелахочо йоIе хаьттира:
— ЙоI, ас аьлларг, нийса кхочушдиний ахь? Муха еара хьо?
— Кхелахо, ахь аьлларг ас нийса кхочушдина. ХIинца суна хезаш а алал. ахь муха йола аьллера. ЙоIа и хаьттира кхелахочуьнга хIилланца, тайп-тайпана хабарш дийцийта.
ЙоIе вукхо элира:
— Ас хьоьга хабар даийтира, новкъа а ма йола, нацкъара а ма йола, йогIуш карахь хIума хила а, ца хила а мегар дац, аьлла.
— Ас иза дерриге а нийса кхочушдина: со еъна новкъара нацкъар йолуш, некъан йистаца йолалуш, юха а новкъа йолуш, массо а ханна меттиг хуьйцуш. Со новкъа а ца еъна я нацкъар а ца еъна. Цхьаъ и ду. ШолгIа, со йогIуш сан карахь хьоза дара. Иза хьуна а гуш, сан карара дедда дIадахара. Цу кеппара, со йогIуш, сан карахь хIума йолуш а, йоцуш а хили. Ас иза дуьззина нийса кхочушдина. Ахьа-м изий бен ца аьллера. Нагахь ахь, ян ма йола, ца йогIуш а ма Iе аьллехь а, хуур дара суна дан дезарг.
Кхелахочо хаьттина йоIе, ша и аьлча, тIаккха хIун дийр дара ахь аьлла. ЙоIа аьлла, хьуна бIаьргана гучу кхаччалц, схьайогIур яра ша, хьуна со а, сайна хьо а гайтина, хьуна тIе а ца йогIуш, дIагIур яра ша. ТIаккха еънарг а, цаеънарг а хуьлура ша.
Цецваьллачу кхелахочо йоIе хаьттира:
— Оццул хьекъал долу хьо, доьзалехь хIун яош кхаьбна?
— Юьртарчу бахархоша цIе ягийна йисна овкъарш, эвла йисте дIакхуьссура. Цу овкъаршна юкъахь мIерий в доьгIуш, чIерий а лоьцуш, и чIерий а даош, кхаьбна со доьзалехь, аьлла йоIа.
Кхелахочо элира:
— И бакъ дац, цунах цхьа а тешар вац.
— Цунах хIунда ца теша? Вордано бекъа йина аьлча, хьо а тешний и! ХIилла дага а ца лоьцуш, тхан кхело йина бекъа схьало, — аьлла, йоIа шайн бекъа схьаяьккхира.[/toggle]

КIант а, ден шад а

Опубликовано: Автор: & Категория: Туьйранаш.

«Цхьа да-нана хилла Iаш. Церан цхьа кIант хилла. Юха и нана яла а елла, дас даьсте ялайна. Оцу даьстечунна и кIант везаш ца хилла. Хала гIуллакхаш дойтуш, хьийзош хилла цо и. Юха даьстечо аьлла цIийндаьга, ахьа и кIант дIа ца ваккхахь, ша хьоьгара дIагIур ю аьлла..»

[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Цхьа да-нана хилла Iаш. Церан цхьа кIант хилла. Юха и нана яла а елла, дас даьсте ялайна. Оцу даьстечунна и кIант везаш ца хилла. Хала гIуллакхаш дойтуш, хьийзош хилла цо и. Юха даьстечо аьлла цIийндаьга, ахьа и кIант дIа ца ваккхахь, ша хьоьгара дIагIур ю аьлла. ТIаккха дас ваха а вахна, хьеший балайна шайга.

ТIаккха и хьеший а балайна, кIанте аьлла:
— Ахьа суна цхьа хIоъ ца дахьахь, баьI стагана кхарзал, ша хьо вуьйр ву аьлла.
КIант, кхера а велла, чу а вахана, воьлхуш Iаш хилла. И шен чу а вахана, воьлхуш Iаш, буьйса юккъе яьлла. Буьйса юккъе яьлчхенахь, цуьнан коре цхьа хIума еана. КIант чIогIа кхеравелла тIаккха. Оцу хIумано аьлла:
— Кхера ма ло, аса гIо дийр ду хьуна. Хьо дIавоьдуш хьун йолчохь цхьа цIа гур ду хьуна, цу чохь цхьа зуда хир ю хьунаI Iаш, чу а ца воьдуш, ниIарх кхузза пIелг тоха, и ара ера ю хьуна. Амма новкъа дIавоьдуш, цхьа тIай гур ду хьуна, юха очу тIай тIехула волуш, цо узурш дийр ду хьуна, кхера ма лолахь.

Юха и кIант вахна цига. ТIай тIехула волуш цец ца ваьлла иза, цо узурш деш. Юха оцу зудчо, хIоа а делла, цIа вахайтана иза. Дега дIаделла цо иза. Юха и хIоъ дега дIаделча, баьI стагана и тоьъна.

Даьстечун чIогIа догдаьттIа хилла, цо иза деана. Юха оцу дас аьлла кIанте:
— ХIоа-м деар ахь, хIинца суна сан шад хьаян еза ахь, нагахь санна ахь нехан шад яхьахь, суна хуур ду, сайчун тIехь тоьхна муьжалг ю.
Юха кIант чIогIа кхеравелла хилла. ТIаккха буьйсана юккъехь юха а и хIума еана:
— И хала гIуллакх ду хьан дас хьуна тIедиллинарг, и шад хьан еллачу ненехь ю. Кхана хьайн нана йолчу ваха дезар ду хьан. Новкъа дIавоьдуш, говраш гур ю хьуна ерстина, амма уллохь буц гур яц. Царех цец ма ваьллахь. ДIавоьдуш цхьа доккха хаза цIа долчу кхочур ву хьо. ТIе ма кхаьччинехь, кхузза хьайн нене кхайкха. Цо эр ду хьоьга дан дезарг.

ТIаккха и кIант вахна, говрех цец ца ваьлла иза. Юха доккха хаза цIа гина цунна, тIаккха цIа улле а вахана:
— Нана! — аьлла, мохь тоьхна цо.
Нана ара ца яьлла, шолгIа тоьхна цо мохь, тIаккха а ца яьлла нана ара. Юха кхо кхоалгIа мохь тоьхча а нана схьа ца ягIахь, хIара лийр волуш хилла. Юха чIоггIа кхоалгIа мохь тоьхна цо «Нана» — аьлла. Юха нана хьаеъна.
Нанас:
— ХIун еза хьуна? — аьлла.
— Дадас шад я аьллера соьга, и хьоьхь ю боху.
Нанас тIаккха шад дIа а елла, кIанте аьлла:
— Хьо цIавеъча, хьуна да а, даьсте а доьхьал хьодар ду хьуна, и шад дIа а ца луш, хьайна хьалха тоха ахь. Кхин дерг хьайна хуур ду хьуна.

КIант, шад эцна, цIа вахана. Да, даьсте дуьхьал хьаьда.
Дас аьлла: — Хьало сан шад!
КIанта и дIа а ца луш, хьалха тоьхна. ТIаккха латта дIаса а декъаделла, и да а, даьсте а лаьтта чу дахна.[/toggle]

Тамаше олхазар

Опубликовано: Автор: & Категория: Туьйранаш.

«Вехаш вара воккха стаг. Ша санна къена цIийн нана а яра цуьнан. Тайна бертахь дехара  и шиъ. Воккхачу стага денна гехь хуьнхара дечиг кхоьхьура. Ткъа йоккхачу стага лулахошна иза дIа а духкуш, цунах шайна юург латтайора. Иштта дIанисйора цара шай къелла. Цкъа цхьана дийнахь хуьнхара белша тIе диллина дечиган мор бахьаш цIа вогIуш,  новкъахь Iуьллуш ког бойна жима, цIие хьуьнан олхазаран кIорни карийра воккхачу стагана..»