Нохчийчоь (А. Бисултанов)

Опубликовано: Автор: & Категория: Байташ.

Исполнитель: Зулай Багалова
Производство: Радио «Грозный»

[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Нохчийчоь

Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха
Кхеташ ма-хиллара гIайгIане, цхьалха,
Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха
Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

МостагIа вогIур ву — дуьссур ду дерташ,
Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш,
Хьаша-да вогIур ву — юьссур ю марзо,
И марзо елхайо хьан ломахь барзо,
ГIелашна гIергIачу курачу сайно,
ЦIе йоцчу кошан тIехь даьллачу стайно.
И марзо елхош ду сан хIора дош а,
Хьан дато некъаш а, момсарийн бос а…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

Со кхуззахь вина ву, тийналлийн къоргехь,
Хьан сина тийжачу кхокханан къорни,
Пен боцчу хIусамехь, тхов боцчу кхерчахь,
Да воцуш кхиъна со, хьан цIарах хьерчаш.
Хьан бIаьвнийн херцаршлахь бецан хал санна,
Хьан серло тергалъян ма дезна сан а,
Хьан стиглахь аьрзунийн мохь санна шийла,
Со а дIавовр ву цкъа, тийналлех ийна…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

Тхо девлла дIагIур ду, дуьссур ду дешнаш,
Дуьссур ду хьан хаза, хьан оьзда кешнаш,
Буц йолу, буц юьжу ойлане баьрзнаш,
Воьдучун, вогIучун доIанийн аьзнаш.
Хьан херцарш юьссур ю, да воцуш велха,
Дуьссур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш,
Юьссур ю назманаш, зуькарийн шовкъаш,
Юьссур ю тхан дагалецамийн овкъарш…

Хьо йиса, Нохчийчоь, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…[/toggle]

ЦIаволахь.. (Т. Исмаилова)

Опубликовано: Автор: & Категория: Байташ.

ЦIаволахь…
Кхузаххьа-м догIанаш оьха,
Ясъелла, гIийла ю керт.
Сан корехь техкаш ду цхьалха,
ТIадамех Iийдало дитт…

ЦIаволахь…
Вайн юьрта гуьйре ма -кхаьчна,
Мархашца стигал язъеш…
Йох ца луш, со бойнах хьерча,
ГIаргIулийн Iадикаеш…

ЦIаволахь…
ТIуьна дечиг цIерга а тиллий,
Бийцахьа генара мохк.
Цигахь а йочанаш ярий,
Сингаттам хьерчабеш хьох?

Ца моьттура (М. Сейлмуханов)

Опубликовано: Автор: & Категория: Байташ.

Ца моьттура, ахь дийр ду
Хилла,
Чов а йина лазор ду сан
Дог.
Ца моьттура, баьгна чим а
Хилла,
ДIабовр бу ас мел баьккхина
Ког.

Ца моьттура суна, хетта сирла
Хьан ойланех хьерчар тешнабехк.
Хьоьх ца кхеттал хьекъалах а
Тилла,
ХIунда хилла-те Iехаделла дог?..

Муса Сейлмуханов
19 марта 2011

 

Цкъацкъа хьо карзахдолу (М. Сейлмуханов)

Опубликовано: Автор: & Категория: Байташ.

Цкъацкъа хьо карзахдолу,
Цкъацкъа хьо делало,
Цкъацкъа ахь соьга олу:
«Цкха а къан ма ло»!
Цкъацкъа бIаьсте йолу
Цу хьан гIайре тIехь.
Цкъацкъа меттахдолу
Езар йогIуш гахь.
Цкъацкъа дуьйлу ловза,
Дахарх марзо луш,
Цкъацкъа туху ткъес ахь,
Шерийн доза гуш.
Цкъа сан Iамал елхош,
БIаьрса даьгна гахь,
Ду сан хьоьга дехар: —
Яхь ма лолда ахь.

Муса Сейлмуханов
14 марта 2011