Опубликовано: Автор: & Категория: Байташ.

 

[toggle]Цхьаъ хила дезара дош,
Оьшучохь баттара доккхуш.
Цхьаъ хила дезара дош,
МостагIийн пIендарх чекхдоккхуш.

Цхьаъ хила дезара дош,
Шен махках доггаха ала.
Цхьаъ хила дезара дош,
ДоттагIчун дIаайъа бала.

Цхьаъ хила дезара дош,
Езаре шен безам бийца.
Цхьаъ хила дезара дош,
Харцонехь шен бакъо къийса.

Цхьаъ хила дезара дош,
Цкъа аьлча, эрна ца хила.
Цхьаъ хуьлу къонахчун дош,
Ткъа кIиллойн – цхьа тептар хиллал.[/toggle]

Автор: Люба Арсалиева
Исполнитель: Санет Абдулмуслимова

3 комментария в “Цхьаъ хила дезара дош.. (Л. Арсалиева)”

  1. Dodam

    Смысл глубокий, слова отличные, и вообще — Люба пишет замечательно!
    Дела реза хуьлийла цун! Дала аьтту а бойла доллучу дахарехь!
    Дала шен дог лаьттачу ирсе а кхачайойла иза!
    Со елхийна цуьнан байташ..)

    Ответить

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *