Кавказера Александр (А. Арсамерзоева)

Posted by & filed under Дийцарш.

«1984-чу шеран аьхка туристически путевкица ГДР-е дахара Махмадов Мохьади а, цуьнан хIусамнана Лайла а. Цига и шиъ дахаран бахьан дара,  Сийлахьа Боккхачу Даймехкан ТIеман дакъалацархочун ша бIаьхаллин некъ чекхбаьккхинчехула жимма волавала лаар. ХIинца бомбанаш а, минаш а, йоккхачу тоьпан хIоънаш а лилхина хан гена яьлча, гIехьчулла а дицделлера тIеман ирча суьрташ..» Исполнитель: Зулай Багалова Производство:… Read more »

Токин Малика (А. Арсамерзоева)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Бераллин хенахь дуьйна дIаяхара цуьнан цIе Нохчийчохь. И тамашийна йоI яра. Доллучу халкъалахь эшар хуьлий дIаолура, ворхI шо кхаьчначу беро, Йоккхачу АтагIарчу Токин Маликас ша йоху, ша дIа а локху эшарш.» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

Абу-Беширан дийцар (А. Хамидов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Iуьйре шийло яра. Генах хаьдда гIа наггахь диттан кIела охьадужуш хаалора. Дуьненчохь йорт йиттина къадъелча санна, мархаш ламанца набарна  тевжинера. Стигал яра, хи ца кхоош йилча санна, цIена а, сийна а…» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

Забаре дийцарш (М. Баснакаев)

Posted by & filed under Дийцарш.

«ТIаьххьарчу курсехь доьшуш волу воккхачу стеган кIант райисполкомехь болх беш хилла. Иза хIуманах сиха а, дика а кхеташ, дашан говза а хилла. Уггаре коьрта дерг, кIант наха хIун леладо хууш а, нахаца ваха хууш а хилла..» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

Адин Сурхон Илли

Posted by & filed under Дийцарш.

«..Дагабийла ма хIиттира и юьртан тхьамданаш: «Мусоста ма йийхира тIехь йоцу ва ясакх, Мила хир ву теша Мусостан олалла Дожийна ва дерзо яхь йолуш ва кIант?» Шайна дага ма веара и Адин ва Сурхо: «Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон, Герз дика ва деца цу Адин ва Сурхон, Дог майра ва деца цу… Read more »

Корталин Хантоти (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Тха денана яра, Хантоти бохуш. Оха-м цунах ХIати олура. ХIати дегIана жимо хеталуш, гIехьачу дегIахь, екъано меженаш а йолуш, хIайтъаьлла йоккха стаг хиллий-те аьлла хета суна хIинца, ХIати йоцу ткъех шо гергга зама яьллачул тIаьхьа. Тхо дукха кегий долуш, кхузткъалгIачу шерашкахь, Олхазар-кIотара даха севцича, ХIатис кест-кеста цхьацца йиш локхура тхуна, я ша-шена, гIийлла ела а… Read more »

Уччархас даьккхина диплом (С-Х. Нунуев)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Техникум чекхъяьккхина диплом а ду шен, ша юьртбахаман  говзанча а ву аьлла, нахана гергахь дозалла дан йиш йоцуш вара колхозан бригадир Уччарха. «Хаа тхуна, ахьа муха дешна, ахьа и диплом муха даьккхина»  аьлла, тIехтоха сахьт дацара. Нахана хIумма а хуур ма дацара, ша лелийнарш шен хаза а делла, Уччархас массаьрга а дуьйцуш ца хиллехьара. Цундела… Read more »

Дахарех, ненах, безамах лаьцна.. (Б. Гайтукаева)

Posted by & filed under Байташ.

Ас лазам алий хьоьх, дахар, ОьгIазло-м йийр яц ахь суна. Ас Iийжам алий хьоьх, дахар, Дог догу, ницкъ лохьа суна. Ас туьйра алий хьоьх, дахар, Сийначу геналлехь дIа дай сан туьйра.. Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

Сан вешин тIехьийза йоI (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«..Нана цIийнан маьIIехь лаьтта, ши бIаьрг а бу горгбина, генна новкъа дIа а хьоьжуш, зудаберийн аьзнашна тIаьхьа я цхьанхьа – анайисте. Ненан куьйгаш демах дуьзна го, йовлакх а ду тIехьа дихкина, хьаьжтIехула, чухта санна. Со ишколера вогIу, белшах тIоьрмиг а оьллина. Суна нана геннара го, суо цунна а гале..» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный» [toggle hide=»yes»… Read more »

Нохчийчоь (А. Бисултанов)

Posted by & filed under Байташ.

Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный» [toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Нохчийчоь Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха Кхеташ ма-хиллара гIайгIане, цхьалха, Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха… Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах, Эзар шо даьлча а яха ца къордош… МостагIа вогIур ву — дуьссур ду дерташ, Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш, Хьаша-да вогIур… Read more »