Опубликовано: Автор: & Категория: Байташ.

Исполнитель: Зулай Багалова
Производство: Радио «Грозный»

[toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Нохчийчоь

Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха
Кхеташ ма-хиллара гIайгIане, цхьалха,
Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха
Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

МостагIа вогIур ву — дуьссур ду дерташ,
Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш,
Хьаша-да вогIур ву — юьссур ю марзо,
И марзо елхайо хьан ломахь барзо,
ГIелашна гIергIачу курачу сайно,
ЦIе йоцчу кошан тIехь даьллачу стайно.
И марзо елхош ду сан хIора дош а,
Хьан дато некъаш а, момсарийн бос а…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

Со кхуззахь вина ву, тийналлийн къоргехь,
Хьан сина тийжачу кхокханан къорни,
Пен боцчу хIусамехь, тхов боцчу кхерчахь,
Да воцуш кхиъна со, хьан цIарах хьерчаш.
Хьан бIаьвнийн херцаршлахь бецан хал санна,
Хьан серло тергалъян ма дезна сан а,
Хьан стиглахь аьрзунийн мохь санна шийла,
Со а дIавовр ву цкъа, тийналлех ийна…

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…

Тхо девлла дIагIур ду, дуьссур ду дешнаш,
Дуьссур ду хьан хаза, хьан оьзда кешнаш,
Буц йолу, буц юьжу ойлане баьрзнаш,
Воьдучун, вогIучун доIанийн аьзнаш.
Хьан херцарш юьссур ю, да воцуш велха,
Дуьссур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш,
Юьссур ю назманаш, зуькарийн шовкъаш,
Юьссур ю тхан дагалецамийн овкъарш…

Хьо йиса, Нохчийчоь, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош…[/toggle]

3 комментария в “Нохчийчоь (А. Бисултанов)”

  1. Ayub

    @Тхо девлла дIагIур ду, дуьссур ду дешнаш,
    Дуьссур ду хьан хаза, хьан оьзда кешнаш,@

    ма хаза а нийса аьл ду и…

    Ответить
  2. Чинкера Саид

    Холкъ поэт хиларх пайда бац, цу язбийн мог1ниш кхета1 кхеташ, Зулай сан, Öздачу озац, даган шовкъац дадиша нах ца хильч…
    Дала Сий дойла хьан Апти, со вокхе ве, су хьуца цхьан заманехь вяхна хиларна! Зулай, Дала могуш мярша йита, Нохчи холкъна1, хьай бери1, бовзбезари1 г1у ца гуш!

    Ответить

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *