Студент, Часть 1 (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Итт класс яьккхича (1977 шарахь дара иза), тхайн нене сайн цхьаъ бен йоцучу сийначу хечина сиз боккхуш иту а хьакхийтина, «ХIуьнехдинарг-Грозный» аьлла яздинчу автобус  тIе билет оьцуш хьалаваьлла – суо   интеллигент хила гIертаре терра, – Соьлжа-гIала, университете деша ваха дагахь охьа чу тилира со..» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

КIелхьара ца велира (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Новразан Довт цхьанна а хьуьнарца къаьсташ вацара кхечарал, дуьххьалдIа къахьегарца бен. Нахана ца вевзара Довт. Довтана шена вевзара ша. Цунах цуо ша тоам а бора. Довтана хаьара вахар хала дуйла, шех кIайдарг ца йоккхуьйтуш чакхвала кхин а хала дуйла хаьар цунна, хаьара, шена динарг декха гIертачул, ларвалар гIолехь дуйла. Цундела лар а лора..» Исполнитель: Зулай… Read more »

Тишъелла кетар (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«..ГIело хилларг а, дов нисдан дезарг а, ког шершинарг а хьо волчу вогIура. Хьо массарна а хьалхаваьлла лийлира. Юха шаьш массо а дIанисвелча, шайн таронаш а хилча, салам а курра, геннара кхуссура хьоьга. «Стенна хьалатеIа хьо, — бохура церан хьажаро, — хьо верг ву-кх со а, хIинца хьол лакхара а ву». Бохура, массара а бохура изза. Хьо царна ца… Read more »

«Крест» бухта (2-гIа дакъа) (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Если это везенье, то тебе слишком везет, – дагадеара кхунна, частан  командиро, бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна, аьтту куьйга эпсаран тапча а ловзош, – не так ли, или фриц твой брат, тоже чечен, да?» — шега аьлла долу дешнаш. ХIорш Белорусехь, хьуьна юккъехь лаьттарь. Немцо а вара,  гена воццуш, пхи километр дехьа… Кхуьнга дийна немцо… Read more »

«Крест» бухта (1-ра дакъа) (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Уггаре а тамашийна цхьа а ойлa цахилар дара, я дагалецамаш а. Дуьне а   дац моьттура кхин, адамаш а, гIаланаш а – цхьа а х1ума а. Иштта цхьа даккхий а, кегий а гунаш дара. Луо а Iуьллура царна тIехь, кест-кеста дарц а долура…» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный» [toggle hide=»yes» border=»yes» style=»white»]Бухта «Крест» (сокращенный… Read more »

Деца йолчу хьошалгIа (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«ХIара шиъ хIетахь хьошалгIа доьдуш дара, гIалитIара деца йолче. КIант цига дуьххьара воьдура. Кхунна жима волуш чIогIa дукхaезара нанас цига яхча  йохьуш хилла кампеташ а, чкъургаш а. ХIара гуттара а нене хьоьжура хIетахь, шайна уллорчу гу тIе охьа а хуий. ХIара сарралц бохург санна Iар цигахь..» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

ТIаьхьенна дисна цIа (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Ас хIоразза а мах буьйцура йоккхачу стагаца. Йоккха стаг реза ца хуьлура:  «Сан цIа дика ду хIинца а, — олура цо, — цу мехах лур дац ас. Итт соти латта а ду. Беш гой хьуна?» Латта-м дан а дара шортта. Ши бIара дара цу кертахь. БIараш сайна тIеийзалуш санна хийтира суна, дуьххьара тхаьш вовшашна гича…. Read more »

ЦIе коч (Х. Тухашев)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Къеггина кхеттачу бIаьстенан малхо серла даьхнера лаьмний баххьаш. ЦIенчу хIавао а, маьлхан зIаьнарш а  хаздинера лаьмний сурт. Сирлачу шовдан чохь санна екхначу стигалан сийналла гуш хетар. Хаза дара Iалам. БIаьсте юккъе яьлла хан яра..» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

Iаьржа бIаьрг (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Юха кхунна стиглахь, кагъелла ангалин дакъа санна, керла схьакхетта беттаса гира. Дуткъа, цIена, шера, гуттаренна генахь дисан, шийлачу буьйсанан  генара беттаса, йисинчу зудчун бIаьргийн нуьро къайладала ца дуьту, цкъа мацах кхуьнан ирсах цецдийлла, куьг кхоччехь кхаьзна, юха тIaьхь-тIаьхьа гена долуш, шеллуш дIaдайна хилла беттаса…» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»

Дада (М. Бексултанов)

Posted by & filed under Дийцарш.

«Дада воккха хуьлуш ву. Цхьацца лазарш лехьадо. Са а гаттадо тхан дуьхьа. Цхьаъ хиларна кхоьру хира ву-кх иза. Со вехха хьоьжу цуьнга, цо къамел дечу хенахь. Хабар меллаша корта а лестош, наггахь хьан бIаьра а хьоьжуш, масалаш а далош дуьйцу цо…» Исполнитель: Зулай Багалова Производство: Радио «Грозный»